ГIовгIанца,зевнечу татанца,гIаж таккхол верг массо араволий, къахкош хилла вайнаха кхаш-аренашна тIелетта цаьпцалгийн цIоз. И гучудоллушехь,луьра мостагI къарван гIоттуш санна адам цхьабосса цу хенахь орцахдалар, тахана къаноша кхеторехь, дерриг къоман а мах хадош ,бегашена хIума ца хилла. Iаламо,миллионашкахь цаьпцалгийн хьесапехь, кхоьллинчу бохамна,шайн дайша 60-70 шо хьалха дуьхьалдоккхуш хиллачу герзах дуьйцуш, Теркйист кIоштан Iелин-юьртарчу воккхачу стага Гизуев Хьусайнас дийцира:
Гизуев Хьусайн: «Со жима волуш, царна хIун дора аьлча, цаьпцалгаш йогIучу хенахь хаамаш а беш,хьалха-хьалха. ЦIерш летош,кIарраш дохуш, цоьза тесаш детташ,цIеста чаранаш етташ, говраш тIе ховший церан бIо юккъе лелхаш герза кхуьссуш,къехкайора. Уьш хаа мА еллехь хьалххехь дуьйна кечам бора. Церан дукхаллина нохчийн тапча кхьоьссича,и тапча айина говр корта ца гуш говрана кхеташ а нислора.»
Маршо радио: Хьуна дагадогIуш, иштта зIаьIа санна тIийриг а йой дIахIуьттура нах?
Гизуев Хьусайн: «МоггIара йоккха цхьа майда схьа а лоций ,лоьхкуш,лоьхкуш гена йохура. Хьалха-м молханаш деттара царна советан Iедал долуш. ХIинца иза а дац. Молханашна мел харж хилахь а,хIинца а дара изза дан дезаш.»
Радио Маршо: Хьалха цу цаьпцалгийн тIома тIехь яздина цхьа йоза ду бохуш дуьйцу. И мичара схьа ду техьа?
Гизуев Хьусайн: «Цу заманчохь болчу баккхийчу наха олур-кх,цаьпцалгийн тIемаш тIехь яздина ду: «Сайна доьгIнарг дуьтур а дац, ца доьгIнарг дуур а дац».
Маршо радио: «Хьуна дага а догIуш цIоз, бIонан сурт дуьхьал хIуттий хьуна?»
Гизуев Хьусайн: « Суна дуьхьал хIутту. Уьш тIома йоьлхуш сурт дуьхьал ца хIутту суна. Сайн деца со ГIалгIайн махка воьдуш регIахула ког билла меттиг йоцуш тхо цаьпцалгашна тIенисделла дагадогIу суна. «ХIара ду хьуна и цIоз « элира соьга сан дас.»
Радио Маршо: Юьртабахаман министаралло дерий а деш кхушара мелла а хьалхе хааделла Нохчийчохь цаьпцалгийн цIоз. Цу урхаллин маьхькIамхоша дийцарехь уьш тIелетта хIинцале 6 кIоштан кхаш – аренашна. Къаьсттина кхерамечу хьолехь ю ,алсам дуьйш –дерзош ялташ долу Теркаца Iохку Новр а Шелковск а, Теркйист а кIошташ бохуш , Iедалдайшка , дIаьвше химикаташ нисьярехь сихонца гIо доьхуш саготта хьийзаш бу цу урхаллин куьйгалхой. «Цаьпцалгийн бIоно,-боху официалан динчу дIахьедарехь,- хIинцале гIеххьачул зе дина I20 эзар гектар латтанаш тIехь.
И зенаш массехазза алсам девр ду говзанчаша чIагIдарехь нагахь и сагалматаш тIема тIе ховшахь,вуьшта аьлча, тIемаш а девлла, хIаваэхула юьйлалахь. Юьртабахаман министаралло ечу къароца тахана махкахь молханаш тоьхнарг дац 20 эзар гектар латтанаш бен. Нагахь сихха дуьхьало ца яхь, кхиъна догIу цIоз хIаллакдан гIулчаш цв яхахь, боху официалан хьостано кIира-ши кIира даьлча тIаьхьа хир ду.
Хууш ма–хиллара махкахь кIезиг латтанаш дац долахой карахь. БIе гектар гергга дуьйш-дерзош латтанаш лелочех цхьаъ ву Теркйист кIоштера Эскиев Iиса. Шарахь хьегна къа дан тарлуш, къаьсттина боккха кхерам тIебазбелларг ша а,шен накъостий-коллегаш а бу боху цо. ДIаьвше химикаташ нисьеш, я уьш дIасаяржо кеманца Iедало гIо деш делхьара бохура цо, хаъал яйлур яра шайгара гIайгIа. ХIора шарна а ,цаьпцаьлгийн цIоз тIелатар бахьнехь шайна хуьлучу эшамах дуьйцуш ву Эскиев Iиса.
Эскиев Iиса: «Кху тIаьхьарчу шерашкахь,лаьтта бухара схьайовлуш санна гучуюьйлу-кх уьш. Бисмалла аьлла, ялта чудерзо долалушшехь гучуйовлу-кх уьш. Цара ялта дIаду-кх хьоккхий,латта гучу а доккхуш. Хьалха-м бIо олура цунах. Цхьаболчара молханаш детта-м диттина. Суна сайна гина дац. Ян шорта-м ю уьшша. Масех шо хьалха цхьа наггахь хаалора, ткъа хIинца хIора шарна а тIекхеташ ю. ХIора шарна а итт-итт шо хьалха меттахъюьлуш ю-кх уьш. Церан дукхалле хьаьжча Iедало цхьаъ лела ца дахь кхана тIаьхьа хир ду. Цара цхьана шарахь схьаэца ялта а доцуш дуьтур ду-кх хIара гIуллакх иштта дIадодахь»
Къамел динчу латталелорхочо Эскиев Iисас ма–аллара хIора шарахь, шайн олалла шордеш,дебахь бен лахлуш цаьпцалгаш, церан хIу даржарца , шорлуш ду цара дечу заламийн дозанаш а. Долахо Iиса а, цуьнан накъостий а тешна бу , цаьпцалгийн бIоца къийсам баллор уггар хьалха пачхьалкхан бала кхачаш безаш, тIаьхьатетта йиш йоцу ,мехала хIума ду аьлла.