2009 шарахь хилла ду боху талламо и зулам. Эскаран декъан бухгалтер а, кассир а , Грозный кIоштан ял йоккхучу урхаллийн белхахо, цхьана барт а хилла, бозбончаллийн схемийца, II4 миллион лачкъийна хилла бохуш чIагIдуора талламо.
Цуо деллачу тогьшалшца, наггахь уьш цхьа а бух боцуш хиллехь, тогам болуш хетта Грозный коIштерачу тIеман кхелан. Шен рогIера хиллачу цхьанакхетарехь, цуо 5 шаран тIера. 9 шаре кхаччалца хенаш кхакхина оцу кхаа стаган. Ах ахча карийна, амма вукху эхан лар ейна. Оцу хIуманна жоп карош а дац.
Санкт-петербургера адвокат Маратов Сергей ву, ял оьцучу урхаллийн белхахо волу Дидиев Шовхалан агIо дIахьош ву иза. Маршо радиога оцу процессах лаьцна вистхуьлуш, цуо билгалдехира, кхело а, талламо а, хуушехь а , ларамаза а даьхна долу гIалаташ.
Маратов Сергей: Баккхийчу барамашкахь эскарехь ахча лачкъора хьокъехь толлуш долу гIуллакхаш наггахь бен ца хуьлу. Ас Iуналла деш верг, суна хетарехь бехке вац. Иза цхьаъ ду.ШозлогIаниг: ТIеман кхелан бакъо яцара, могIарерачу вахархочуьнна хьокъехь гIуллакх листа. И гIуллакх цара дIахьажо дезаш дара, Грозный кIоштерачу кхеле. КхозлогIаниг: Дидиев къиза йиттина, къизалша лелийна ю, таллам боьдучу хенахь. Ишшта цуьнгара ша бехке веш долу тоьшалша даха гIиртина. Цуо и ахча лачкъийна дац. Цундела цуо тIе а ца дитина и хIума.
Дидиев Шовхалана бехке дуьллуш ду, цуо бозбончаллаш дац аьлла, эскаран декъехь финансийн хьелашна мах хадора. Оцу гIуллакхах цунна ахча а ду боху делла. И ша долу хIумш тоьшалш долуш дац. Эскаран декъа финансийн урхаллан куьйгалхочо дичну дIахьедарца бехк лаьрра бу цуьнан, бохуш кхин дIа а дийцира адвоката Маратов Сергейс.
Маратов Сергейс: Финансийн хьелашна цхьа а тайпа тIекхочийла ца яцара Дидиеван. Оцу тIеман декъа финансийн хьукматан куьйгалхочо, доцург тIекхоьллина цунна, ша ахча лачкъийна, ткъа, цунна оцу ахчанна цхьа дакъа 32 миллион сом делла аьлла. Иза цуо ша дина боху, финансийн агIора цхьа а тайпа харцонаш яц аьлла, цьунга даре дайтархьам. Оха и гIуллакх кховдора ду, Оьрсийчоьнан лаккхарчу кхеле а, европерачу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле а.
Нохчийн бакъонашларъяран центран куьйгалхо Эжиев Минкаил а ву оцу процессехь дакъалоцуш. Цуо а даре до, адвоката Маратовс дийцинарг. Ишшта иза шеек ву, шен лаккхарчу хьакамао, ян буьйранчо омра ца дича, оцу ахчанах куьг туоха цхьа а салтий ваьхьарх.
Эжиев Минкаил: Цигахь низам а, нийсо а боху хIумш суна билгаладаьлла дац. Кассиран тIедуожйина доккха ахча ду. Цуо шена хьакамо дIалуо аьлча, иза дIаделла. Цунна йоккха хан ю, кхайкхина. Ульманс шега омра делла аьлла нах байинера. Ткъа, кхузахь-м омра хичла, ахча муха ца ло дIа?
Эжиев Минкаил ца теша, оцу II4 миллионах ах ахча, карора ду аьлча.И гIуллакх, сихха, бехк боцучарна тIе а теттина, дерзийта лууш ницкъаш бу боху цуо.
Эжиев Минкаил: Кхузахь билгалдаьларг хIун ду? Дайнарг II4 миллион сом ахча ду. Бухгалтеро ша даьхьана долу ахча схьаделла. Амма, ша дерг дац карийнарг. Ах бен дац карийнарг. Иза стенга дахана? И ахча тIедуожийна Дидиевний, кассирний. ХIара шиъ атта ву царна. Суна хетарехь и ахча лаккхарчу хьакамашна кара а дахна. И ахча доцуш хила там бу. Суна хетарехь, оьцучу дача а, машенаш а эцна хила мега.Ткъа бехке верг карийна царна.
Оьрсийн олуш цхьа кица ду, цхьанне тIом, кхечарна нана. Оцу дешнаш гойту, Нохчийочхь хиллачу ши а тIом бахьнехь эскархоша,лаккхарчу эпсар дукхачу хьолехь, мел пайда беана шайна. Дукха а меттигаш хилла, тIемалошна цара герз а, цуьнан гIирс а боьхкина.
КIезга ца хилла, лаккхарчу инарлаш бозбончаллийца, салтшна догIуш долу ахчанаш миллионашкахь лечкъина хилар. Маьрша нах байара-м дийца а ца дуьйцу. И зуламаш-м дерриге а дуьненна хушу ду, Iедалша толлуш доцийла.
ТIам тIе болхучьарга аьлла дара, хIета а, хIинца а, Оьрсийочьнана лаккхарчу Iедалан коьртехь волчо : Ша хIуIа, могуьйтура ду шуна, ямарт ца хилчхьана», аьлла. гарехь цхъаболчу эскархоша, иза шай тайпа кхетадина.