ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура делегаци Германе яханера нохчий цIабигарх хIун хуьлу хьажа


Германи, Берлинан цхьа урам
Германи, Берлинан цхьа урам

Нохчийчурчу Iедалша вуно боккхачу тидамехь латтадо Оьрсийчоьнан дозанал арахьа бехачу вайнехан мухIажаршца долу хьал. Масех шо ду Соьлжа-гIаларчу куьйгалло тIамах бевдда дIабахана болу махкахой лаахь а, ца лаахь а цIехьа берзон гIерташ къахоьгу. Цу Iалашонца арабевлла бара кху деношкахь Нохчийчура Германе бахана хилла арахьарчу зIенийн департаментан векалш а.


Нохчийчоьнан урхаллин арахьарчу зIенийн департамента директор волу Хаджимурадов Iисай, цуьнан хьалхара гIовс Денильханов ИсмаьIалий кхаа денна веанера Германе. И шиъ немцойн махкарчу оьрсийн векало Гринин Владимиро кхайкхина вара. Официала бинчу хаамашца - Германехь бехачу вайнехан мухIажарийн хьал-дахар дийцаре дан.

Берлинерау оьрсийн векалтехь дIадаьхьначу цхьанакхетарехь Хаджимурадов Iисас ма-дийццара, векалтин белхахоша мукIарло дира, Германехь хийла нисло, шаьш нохчий я Нохчийчура доццушехь, шайн политикан тховкIело ялийтархьама тайп-тайпанчу, цкъа мацах Советийн пачхьалкхана юккъе догIуш хиллачу лаьттанашкарчу наха шаьш нохчий ду олий, меттигерчу Iедалшка харцдерг а дуьйций, цу кепара шайна Германехь совца аьтто боккху, бохуш.

Ткъа и саннарг орамехь хадорхьама дика хир дара, Хаджимурадов Iисайна а, векалтин белхахошна а хетарехь, Германе схьабаьхкина болу вайнах сихонца консулатехь официала дIабазбелча. Иштта цу дIабазбаларо аттачу доккхур дара, Германехь а, амма иштта кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а, вехаш билгал мас нохчий ву бохург къастор.

Бакъду, Нохчийчурчу хьешаша а, цаьрца цхьанакхетар дIадаьхьна хиллачу оьрсийн векалтхоша а хьаха ца деш дуьту, Германе политикан я гуманитарн тховкIело йоьхуш баьхкина болу вайнах Оьрсийчоьнах а, цигарчу таIзарийн системах а, харцонех а, гIелонех а бевлла баьхкина хилар. Уьш шаьш Германин латта тIе бевллачу мIаьргонехь дуьйна схьа цхьанна а кепара Оьрсийн пачхьалкхан аппаратах, хуьлда иза векалт я консулат, я кхин ерг, хьакхалуш ца хилар а, данне а доцуш санна, ца хьахош дуьту цара.

Мича бахьанца я хIун дадийна баха безара нохчийн мухIажарш, Германехь немцойн пачхаьлкхан олаллехь а, цу пачхьалкхан иституцийн тховкIелахь а болу, хийрачу пачхьалкхан векалтехь шаьш дIаязбайта? Олуш ма-хиллара, церан хIун дисна цу векалтехь, церан карахь ур-аталла оьрсийн паспорташ а ца хилча?

Нохчийчоьнан арахьарчу зIенийн департаментан куьйгалхочуо кхин дIа билгалдаьккхира, шаьш Берлинехь а, ХIамбургех а бехачу вайнехан мухIажаршца дIадаьхьанчу цхьанакхетаршкахь Нохчийчура бевдда бахнарш шайн даймахкахь хуьлучу дикачу хийцамийн вуно лакхара мах хадош а, цу хийцамех бакхийбеш а бара, бохуш.
„Ур-аталла тхо шайн политикан дуьхьалончаш хеташ болчу нахана а го, кхета а кхета, нагахь санна Рамзан Ахматович ца хиллехьара, Нохчийн Республика иштта зазадаьккхина а, кхиаме а хир йоцийла. Нахана, бакъдолш, гуш бу республикехь хуьлуш болу позитиван хийцамаш“, - элира Хаджимурадовс шен журналисташца хиллачу къамелехь.

Бакъду, цуьнца цхьаьна цуо билгалдаьккхира, шайца Гемрнехь цхьанакхетта хилла болчу вайнахах дукхохберш, мелла а ларлуш, къамелаш деш бара бохург. ЦIабахка а лууш, цIабахка бахьа а ца боьхьуш хьал дара цаьргахь элира Нохчийчурчу хьешо. Цу хIуман бахьана, Хаджимурадовн хетарехь, цкъа мацах шаьш тховкIело йоьхучу хенахь нохчийн мухIажарша, цуьнан дешнашца аьлча, „тайп-тайпана Iийжаме туьйранаш дийцина меттигерачу Iедалшка, шаьш цIадахча, шайна таIзарш дийр дуй, шаьш набахте духкур дуй, бохуш“. Цундела ду церан цIехьа берза кхерар а, аьлла, тешна ву Хаджимурадов.

Ала догIу, Соьлжа-гIалара делегаци Германе еанчу деношкахь нохчийн Iедалшна гергарчу интернет-сайташкахула рогIера артикл чекхъелира, Европехь бехаш болу мухIажарш емал беш а, царех кхардаме а, харца а хаарш даржош а. Иштта ша Швецехь, Норвегехь вехаш волчуха яздеш волчу цхьана хьенеха, Устраханов Руслана, уггаре а маьт-маьттаза дешнаш а хоьржуш дуьйцу, Европехь вайхенан мухIажарийн дахарх лаьцна. Цуо шен артиклехь яздинарш аьттехь а бакъ ца хилар ца хьахийча а, шена тидам тIе бохуьйтуш ду, авторо „Къоман нехаш – Соьлжа-гIалара Европе“ аьлла цIе тиллинчу шен пасквилехь дуьйцу мел ца хезна дастам хIумнаш, мухIажарш ловш санна, чIагIдеш хилар.

„МухIажарша шаьш Европе новкъа бовлуш шайца кхеманаш бахьа беза, цигахь лоьрийн цIийна хьоладай бен кхача йиш йоцу дена“. Я „Италехьий, Францехьий аттох ду, цигахь йовха хиларна мухIажарийн урамашкахь буьйсанаш яха аьтто бу“. „Норвегехь мухIажарш нервийн лазарш токхучу клиникашкахь латтош бу“. Я хIара саннарг: „МухIажарша, мацалла ца бала, уггаре а боьха белхаш бо, уьш хазчу а, якхийчу а гIаланашка чу ца буьту, хьаннашкахула Iоьхкучу кегийрчу ярташкахь дIатарбо“. Иштта дIа кхин а.

Амма схьахетарехь, Нохчийчура делегацин декъашхоша и артикл ешначух тера дацара. ХIунда аьлча, тIаккха уьш Европехь уггаре а хазчарех йолчу гIаланашка Берлиней, ХIамбурге а ца боьлхуш, цхьанхьа хьаннашка чутила там бара, нохчийн мухIажарш лоьхуш.

Мухха делахь а, нохчийн делегацин векалша дийцира, шаьш шайн махкахошца дIадаьхьанчу цхьанакхетаршкахь цаьрга весетаца тIедиллинарг – шайн даймахкана ямарт ца хилар а, цуьнан мостагIа ца хIоттар а дара бохуш. Шаьш тIеэцначу пачхьалкхийн низамаш лар а деш, меттигерачу бахархошна дика масалаш а гойтуш хилар а тIедиллира шаьш, цул совнаха, шайн доьзалш нохчийн гIиллакх-Iадатца кхиоре а дийхира, элира Хаджимурадовс. Доцца аьлча, лерина кхаа денна Германе баьхкинчу Нохчийчурчу хьешаша немцойн махкахь бехачу нохчашца, схьадийцарехь, кхетам-кхиоран болх дIабаьхьначух тера ду. Уьш Германе кхайкхинчу оьрсинй векалтин белхахой нохчийн мухIажарийн гIиллакх-оьздангаллийца балакхочуш а, цунна сагатдеш а арабевлла бу бохучух теша хала делахь а.

Бакъду иштта, цу хьехаршка ладоьгIначех а, я, ма-дарра аьлча, Нохчийчоьнан арахьарчу зIенийн департаментан векалшца цхьанакхеттарш Германехь бехачу нохчашлахь лехча а ца карор а. Я Берлинерачу нохчийн оьзденгаллин кхерчарчу белхахошна а, я ХIамбург гIалахь бехачу нохчийн диаспорин векалшна а, цара схьадийцарехь, Нохчийчура делегаци Германе янне а еанийла а ца хаара.
Ткъа меттигерачу немцойн Iедалех дерг аьлча, Хаджимурадов Iийсас ша ма-аллара, цара Нохчийчура хьеший шайн махка бахкар „мелла а ларбаларца“ тIеийцира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG