ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марханаш даьстина довллалц, чIагIйинчу рожехь болх бийр бу полицино Нохчийчохь


Соьлж-галахь долу республикан коьрта маьждиг а, уггар лакхара гIишлош а, 14Оха2012
Соьлж-галахь долу республикан коьрта маьждиг а, уггар лакхара гIишлош а, 14Оха2012

ХIара а, тIедогIу а кIира чекхадаллалц, Нохчийочохь чIагIйинчу рожехь болх бийр бу низамхоша. Марханаш даьстина довллалц а, цул тIаьхьа, махкахь хиндолчу цхьана дезчу денна лерина а.

ТIедогIу кIира чекхдаллалц бийра бу нохчийн эскархоша а, полисхоша а оцу ражехь болх. ХIора белхахочунна, къаьсттина Соьлжа-гIалахь болх бечарна а, гуонахь йолчу кIошташкахь болчарна а тIедуожийна ду, оцу ханна юкъахь тIех сов сема а, терго еш а хилар.

Иза дина ду, марханаш даьстина довллалц, цул тIаьхьа тIедогIучу киIрнах Кадыров Ахьмад винчу денна лерина даздарш дIадовлалц. Ишшта оцу денна лерина ю, махкхахь дIахьура йолу Оьрсийчоьнан парашютан спортехула йолу чемпионат а.

Нохчийчоьнан ницкъаллийн структурийн коьртехь болчара чIагIдо, махкахь долчу хьолан, Iаткъам балура болуш кхузахь ницкъа бац, ша дерг Iуналлехь ду аьлла. Амма, хIокху марсхьокху беттан 8 дийнахь Соьлжа-гIалахь шина Iожалхочо эккхар динчулла тIаьхь, цу тайпаниг юха а ца хуьлу олийла дац боху, нохчийн полицехь долчу хьостано. Цундела, чIагIам бинчу хьолехь бийра бу низамхорша болх.

Марха даьстина даллалц, коьрта тидам цара тIебахийтина хира бу махкахь долчу маьждигашна а, дуккха а нах гуллучу меттигашна а. Цигахь болх дIахьош болчу полисхойх, дукхахберш духарца къаьсташ хира бац могIарерачу нахах. Оцу хIумано, цIеххьашха деш долу хIума, юхатухуьйтура ду аьлла хета нохчийн низамхойн куьйгалхошна.
Нахана дIасалелар, оцу хена юкъана, дихкина хира дац,цундела, и чIагIам, башха хаалура бац.

ТIеххьара цу тайпа чIагIам бичниу хьолехь нохчийн низамхоша болх бира, Мангал-беттан 12 дийнахь, Соьлжа-гIалахь Оьрсийчоьнан де даздечу хенахь. ХIета Iуьйрана дуьйна, гIала юккъера мел болу урам къоьвлина бара, маашенаш дIаса ца лоьлуьйтуш.

Тоххарехь, тIемалойн буоламан боккха эшам а бина, царах 30-40-х стаг бен вац лаьмнашкахула шайн синош идийналелаш бохуш, меттигерачу Iедалша дуьйцуш далахь а, цу тайпа чIагIамаш баро гойту ситуаци муха ю. Цхьа жимма мало ешшехь, оцу меттехь, гучубовла тIемалой. ТIеххьара Iтеман тасадалар хилла Шуьйта кIоштехь. Хьалкела олучу ооьвлан йистехь, эскархошна тусаелла хилла масех стагах хоьттина хилла йолу тIемалойн тоба. Цу меттехь хилалчу тасадаларехь царах цхьаъ вийна. Вуьйш, шайна гуо балле дIакъайлабоьвла. Царна Iтехь дан дуолийна долу лехарех а гIуллакх ца хилла.

Оцу хиллачу тIеман тсадаларехь, меттигерчу полицин декъехь болх беш волчу цхьана полисхочунна чоьвнаш а хилла, дарбан хIусаме кхачийна. Вийна волу тIемало мила ву къаьстина. Иза Соьлжа-гIалара вахархо ву боху.

ТIаьххьарчу деношкахь хиллачу тIеман тасадаларах, хIара дуьххьара дац. Жимма хьалхо, Сунжа кIоштехь тIемалоша лаьттах йоьллинчу фугас тIехь иккхинера Нохчийчу болх бан Воронеж регионера баьхкина болу оьрсийн полисхой. Иза хилла Бумтара Эха-Борзе,оьрсийн маттахь Ассиновская станица а олу цуьнах, боьддучу новкъахь.

БТР эккхийтинчулла тIаьхь, цунна Iте, масса тоьпаш йиттина хилла кIело йинчара. Оцу меттехь, цхьацца чоьвнаш а йина лазийнера 5 полисхо.Шинна могашаллийн хьал хIитцна а дика дац боху лоьраш. ТIемалой оцу меттехь , хьуьнхахь дIакъайлабоьвла. Лазийна болу полисхошна, цара гайтинчу майрална доьхьал, мидалш лура ю аьлла дIакхайкхина, церан буьйралло.

Оцу юккъешхула, тIемалошца латтош болчу къийсаман жамIаш дкиа лору меттигерачу низамхоша. Нохчийчоьнана чоьоххьарчу гIуллакхийн министраллера жамIашца, хIокху шеран доьххьарчу ялх баттахь, ваийна ларулуш ву 27 тIемало. Царах цхьаъ церан баьчча ву. Дийна дIалаьцначарах дуьйцуш дац. Дустархьам, ала мегар ду, луларчу Дагестанехь, оцу хена юкъан I00 тIемало вийна, 70 цхьацца дийцарш деш дийна дIалаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG