ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Допингаша вохийна Армстронг



Вилспеташ хахкарехь къовсамаш дΙахьочу дуьненаюкъарчу цхьанакхетаралло тоьлла спортхо ларалуш хилла Ιаьмеркахо Армстронг Лэнс ваьккхина цо тΙаьххьарчу шерашкахь мел даьхначу Тур де Франс къовсамийн совгΙатех. Вилспет-спортхойн дуьненаюкъарчу цхьанакхетараллан лидера Маккуэйда Пэта, «Армстронгана меттиг бац велоспортехь», аьлла, тΙечΙагΙбира шен хьукмато бина сацам.

Гоьваьлла спортхо бехке вина, цо шен кхиамаш, дегΙ ханна чΙагΙден нарко-молханаш а муьйлуш, баьхна хиларца. Иштта бита безна Лэнс Армстронган цо рак-лазар долчу нахана гΙодарца беш хилла болх а. Допингаш бахьанехь доллучух а ваьлла иза хΙинца.
XS
SM
MD
LG