ОвхΙанистанан президента Карзай Хьамида бехкейина Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ, цо бина барт а боллушехь, лецна шен карахь набахтешкахь кхобу овхΙанхойн шен Ιедале дΙалуш бацарна. КΙирандийнахь цо иштта бехк буьллуш къамел дира, Ιаьмеркахоша хΙинца а лоьцуш бу шайн пачхьалкхан бахархой, иза дар шайн Ιедалан карахь доллушехь, аьлла.
Коьртачу декъанна юьйцург ю Баграмера набахти. Ιаьмеркахоша бинчу бертаца а догΙуш, ах шо хьалха Карзайн Ιедалан караелла хилла езаш яра иза.
Вашингтонна хетарехь, овхΙанхой кийча бац и набахти шайн долахь латтон.