ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIаагерчу кхело бехказаваьккхина ХIарадиная


ХIаагерчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Аппеляцин кхело бехказаваккхина Косово маьрша яккхаран Армин лидерех цхьаъ хилла волу, Косовон премьер-министр хилла ХIарадиная Рамуш. Цунна бехке диллинарг дара тIеман зуламаш дар. Шен даймахкахь иза лоруш ву турпалхо.

Прокуратуро доьхург дара цунна 20 шо тохар, цо 1998-чу а, 1999-чу а шерашкахь косовараш Югославех дIакъаста гIерташ тIемаш деш болуш, сербаш а, албалхойх боцу нах а байарна. И бехкаш тIечIагIдан аьтто ца балар бахьана долуш, бехказаваьккхина ХIарадиная Рамуш. Суьдо иштта бехказаваьккхина цуьнан ши накъост Балай Идрис а, Брахимай Лахи а.
XS
SM
MD
LG