ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла кхеташо кхоьллина Оьрсийчура бакъонашларъярхоша


Керла цхьаьнакхетаралла кхоьллина Оьрсийчура бакъонашларъярхоша. Цуьнан цIе ю «Адамийн бакъонашкахула йолу йозуш йоцу кхеташо». Цуьнах лаьцна хаам бина бакъонашларярхоша шайн Москох хиллачу зорбанан конференцехь.

Керлачу юкъараллин органна юкъабахана Оьрсийчоьнан президентан администрацехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан хилла болу цхьаболу декъашхой. Керла кхеташо кхоьллинчу наха дийцарехь, иза вовшахтоьхнарш бу Оьрсийчоь демократин новкъахь кхиийта лууш болу нах.
XS
SM
MD
LG