Дукха хан йоцццуш Японехь премьер-министр хаьржина волу Абэ Синдзо хилира Ιаламан хьовзамо йохийначу Фукусимерчу зарратан станцехь. Цигахь цо дΙахьедира, японхоша хилла бохам дΙаберзош хьунар а, доьналла а гайтира, хΙинца станци хиллачул а онда, хьовзамех Ιалашъеш, тойина, аьлла.
Цхьа шо ах шо хьалха латтадегийча хьаладаьллачу хино йохийра Фукусимера зарратан станци, алссам кхераме йогориг яьржира гонаха. Бохамо кхерийначу японхоша дΙалакъийра кхечу маситта станцин болх - электроэнерги ца тоьаш йисинера Япони. Амма хΙинца и якъо яц гΙайренийн махкахь.