Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула болчу эксперташа кхайкхам бина Израиле Палестини дIалецна долчу латтанаш тIехь гIишлор яр а сацаде а, цигахь баха ховшийна болу массо а жуьгтий дIа а бига аьлла.
Еарин дийнахь зорбане даьккхинчу рапорт тIехь цара Израил бехке еш ю дуьенанаюкъара бакъонаш къоршаме йохорна. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамашца Палестинахойн латтанаш тIехь- Урданан Малхбузерчу Берденехь а, Малхбалерчу Баталкъуддусехь- карарчу хенахь вехаш ву 520 эзар жуьгти. Ерриге а юйцург ю 250 жуьгтий беха меттиг.