Дехьа-сехьа кхерамаш туьйсуш ю деношкахь Шеманна тΙе ракеташ тоьхна йолу Израил цхьана агΙор, ГΙажарийчоь а, Шема а вукху агΙор. Демаьшка веъна волчу ГΙажаройн Къоман кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочо Джалили СаΙида дΙахьедина жуьгтий дохко бевр бу шаьш тΙаьххьара йинчу агрессина, аьлла. И къамел цо дина Израилан тΙеман министра Барак ЭхΙуда шайн кеманаша Шеманна тΙелатар даре динчу шолгΙачу дийнахь.
Вашингтоно тоьшалла до, авиацица тохар динарг луларчу Ливане герз хьош хилла машенийн ковра ю, бохуш. ГΙажарийчуьрчу хьакамца Джалилица къамел деш Шемин президента Асад Башара латкъам бира, шайн махкара хьал долчул а эшон гΙерта Израил, аьлла.