ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мусави Мир Хьусейнан ши йоI лаьцна ГIажарийчохь


ГIажарийчоьнан Iедалш лаьцна оппозицин лидер а, президентан харжамашкахь кандидат а хиллачу Мусави Мир Хьусейнан ши йоI. Парижехь туп тоьхначу Мусавин зорбан гIоьнчо бечу хаамца, кхерамаззлин ницкъаш бахана хилла тахана Iуьйранна ТехIранехь йолчу ЗахIрин а, Наргис а петаршна чу. Ший а дIалаьцна. ХIинца а билггал хууш дац ши зуда стенгахь латтош ю.

Мусави а, Карруби Мехьди а ший а кандидат вара 2009-чу шарахь ГIажарийчохь хиллачу президентан харжамашкахь. ХIинцалерчу гIажарийн президентан Ахьмадинежад Махьмудан толамца бирзира уьш. Мусавис а, Каррубис а харжамаш керстабира хIетахь, жамIашкахь бозбуунчаллаш лелийнера, аьлла.

Ший кандидат хилла стаг чувоьллира, 2011-чу шарахь цара, шайн агIончашка Тунисехь а, Мисарехь а хиллачу Iаьрбийн революцешна гIортор е аьлла, дIахьедарш дича. ХIетахь дуьйна цIахь чувоьллина латтош ву и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG