ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

17 де даьлча дийна зуда карийна фабрикан херцаршлахь Бангладешехь


17 де хьалха Бангладешехь Даккина генадоцуш йоьхначу фабрикан херцаршлахь дийна карийна цхьа зуда. Нах къелхьарабахархоша, еза техника саца а йина, куьйга схьааьхкина иза. Зуда дIакхачийна дарбанан хIусаме.

Хьалхо цу мехкан Iедалш дIахьедар дира цу бохамехь байинчу нехан терахь ду 1000 сов стаг аьлла. Оццула къоршаме бохам хилла бацара кху дуьненан индустрин исторехь. ГIишло йоьхначул тIаьхьа цу чура къелхьар ваьккхина 2 эзар ах эзар стаг. ХIинца а билггал хууш дац херцаршна къеллахь маса стаг ву.

Охан-беттан 24-чу дийнахь хIуманаш тоьгу 5 фабрика дIатарйина йолу 9 тIегIа йолу и гIишло юхуш цу чохь вара кхо эзар ах эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG