ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн корррупционерех хьаьгна ю набахтеш



Аьхкинчу-Борзера (Ассиновская) хьун хьокхучу хьукматан директор Сарсаров Куьйра бехке во Нохчийчоьнан прокуратурано, цо шен белхан меттиг тоян маситтаза деллачу ахчанах 11 миллион сом лачкъадарна. И ахча хьулдеш Сарсаровс харц кехаташ кечдеш хилла, боху прокурораша.

Хьаькамийн къоланаш алссам чугудаха долийна Ιедало. Дахначу кΙиранах Веданарчу кхело набахтехь яккха хан кхайкхийра меттигерчу юьртден гΙентахь Ιийначу Телипов Султанна. Ведана хи дало хьажийначу ахчанах 5 миллион сом лачкъор бехке дира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG