ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилин агIончина тIера цхьа моггIа бехкаш дIабаьхна Тбилисин кхело


Тбилиси-гIалин кхело тахана цхьа моггIа бехкаш дIабаьхна Гуьржийчоьнан президентан агIончина, дуьхьалонан министр хиллачу Ахалая Бачона тIера.
Иза бехке винера, иза шен белхан декхарел тIехваларна а, тIеманхошна тIехь сийсазалла лелорна а, министр волчу хенахь, цо бизнесмен Абусеридзе Звиад, бакъо а йоцуш, чуволлийтарна а.
ТIемахошна тIехь, уьш сийсаза беш, ницкъ барна бехказа ваьккхира кхин а масех стаг.

Ахалай бакъвеш йолчу кхелан сацам харц лерина прокуроро Надареишвили Ираклийс.
2012-чу шеран Лахьанан-баттахь дуьйна лаьцна латтош волу гуьржийн тIеман министр хилла Ахалая кхин дIа а набахтехь вуьсуш ву. Кхин а ши гIуллакх ду цуьнан хьокъехь долийна.
Гуьржийчура парламентан харжамашкахь оппозицехь йолу «Гуьржийчоьнан гIан» партино толам баьккхичхьана дуьйна, Саакашвилина гонера кхеле озийначу масех стагах цхьа ву Ахалая.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG