ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ерриг а Мисара ю гуламашкахь



Кхаарий а, еарий а деношкахь, КъахΙирехь Ιедало бΙеннашкахь махкахой байар ца лайна, юха а дукха гΙаланашкахь гуламашка бевлла мисархой, къаьсттина вохийначу президентан Мохьаммад Мурсин «Бусулба Вежарий» олучу боламан агΙончаш. Рамзесан майданара а, коьрта шахьаран кхечу къошташкара а хезаш дара дуьйлу герзаш. Иштта, газ яржош а, дΙасалоьхку полицино гуламхой.

КъахΙирехь доцуш, цул тΙаьхаь шолгΙа ларалучу Александрия-гΙалахь а вовшахлиэтта полици а, бахархой а. Исмайлия-гΙалахь вийна Ιедалхоша 4 стаг. Думъятехь церан карах велла цхьаъ.

Ткъа карчамхойн карахь йолчу телевизионаша дуккха а лахдо хуьлуш лаьтта дараш. Лаххара а 700 мисархо воьжна кху деношкарчу къовсамашкахь, лазийна маситта эзар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG