ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГΙажарийчоьнца мотт карош лаьтта, боху Евроберто



Европан Берто хаам бина, шеггара дика хьелаш а кхуллуш, йолийна ГΙажарийчоьно дуьненан лаамца шен зарратан программа бертаялош тΙаьххьара раунд, аьлла. И дΙахьедина Евробертан арахьарчу политикан декъан куьйгалхо йолчу Эштон Кетринан гΙоьнчас Манн Майкла зарратан герзаш дийцаре дечу 6 пачхьалкхан Женеверчу кхеташонера.

Манн Майкла, шена беркате тΙаьхье хир ю аьлла хета дийцарийн, элира прессе. ГΙажарийчоьнан президента РоухΙани Хьасана дош делла гΙажарошна, ша нийсса шарахь берзор бу дуьненца зарратан герз бахьанехь лаьтта цакхетамаш, аьлла. И некъ цхьалха баьлча, ГΙажрийчоьнна дуьнено дуьхьалъяьккхина экономикан эмбарго юхаяларе сатуьйсу РоухΙани Хьасана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG