ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лампедуза гIайренна тIекхачале мухIажарш баларо керла низам тIеэцийтина Европан барте


Итали -- Италехь тхов-кIело лаха богIучехь, Лампедуза-гIайренна уллехь ледара хIурдан кема хи буха а дахана беллачу Африкера мигрантийн декъий чохь долу галеш, ГIадужу-бутт 3, 2013
Итали -- Италехь тхов-кIело лаха богIучехь, Лампедуза-гIайренна уллехь ледара хIурдан кема хи буха а дахана беллачу Африкера мигрантийн декъий чохь долу галеш, ГIадужу-бутт 3, 2013

Италерчу Лампедуза гIайренна тIекхочучехь кху тIаьхьарчу беттанашкахь эзар сов мухIажарш кхалхар бахьана долуш мелла а аттачу даьхна Евробертан куьйгалло Европе мухIажаршна тховкIело яларан хьокъехь долу низамаш. Эзарнашкахь европе дIаоьхучу нохчийн мухIажарех а хьакхулур бу и хийцамаш.

Евробертана юккъе йогIучу пачхьалкхашкахь мухIажаршна политикан тховкIело яларан бакъонашкахь цхьа могIа хийцамаш бина Европерчу кхело. Кхиинчу пачхьалкхашка политикан я гуманитаран тховкIело лоьхуш схьаоьхучу нехан хIинца масех бакъо ялсам яьлла. Уггаре а хьалха и хийцамаш хьакхалуш бу хийла нохчочунна кху тIаьхьарчу иттех шарахь бале даьллачу „Дублин 2“ олучу низамах.

Цу 2003 шарахь ша тIеэцначу гIалин – Ирландин коьртачу шахьарин цIе лелош долчу низамца, муьлха а мухIажар, иза миччара я муьлхачу а бахьанаца веана велахь а, ша дуьххьара ког левзинчу Евробертан пачхьалкхехь тховкIело еха езаш а, цигахь саца декхарийлахь а веш вара. Цуо иштта цу мухIажарх долу жоьпалла цу дуьххьарчу пачхьалкхана тIедуьллуш дара, цигахь мухIажарш тIеэца хьелаш делахь а, дацахь а.

Ткъа шена мухIажарна цигахь саца лааахь а, ца лаахь а, цунна тIедожош дара, цу дуьххьарчу пачхьалкхехь саца. И низам Iалашдархьама Евробертан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаша кхоьллина лерина юкъара система яра, EURODAC цI е а йолуш, хIора мухIажаран пIелган лараш дIаехкина латтош йолу, оьшучу хенахь Евробертан муьлхачу а пачхьалкхенан Iедалхошна цу пIелгийн сарташна тIекхочийла а долуш.

Нохчийн мухIажарийн доккхачу декъан кхолламехь и тайпа хьалхара мохк Полша хуьлуш болу дукъа хан ю. Дуккхаъчу бахьанашца. Царех уггаре а коьртанарш – Белорусе, Полшийца доза долчу, кхача атта хилар а, цигара юха Полше дехьабовлархьама, ткъа иштта кхечу, кхиинчу Европерчу пачхьалкхашка, вайнахана кхача вуно хала хиларна, цу пачхьалкхийн векалташа шаьшна визаш ца яларна.

Иштта цу бахьанашца, кхаьа пачхьалкхин - Германин, Австрин, Францин, - векалташа шаьш легала хьесапехь визанаш ехча дацаре жоьпаш деллачул тIаьхьа, Полше ца яхча ца йолуш цига кхаьчначу вайнахах ю хIинца Германехь ехаш йолу 28 шо долу Соьлжа-гIалин яхархо Мадина. Цуо дийцарехь, хьалха я тIаьхьа шаьш Полшехь хилла хилар немцойн Iедалшна гучудер дуйла хууш ладоьгIуш Iаш ю иза, цуьнан доьзал а.

Нохчийчура Германе кхаччалца шаьш бинчу некъах лаьцна дуьйцу Мадинас.

Мадина: „ЦIера Полше дIадигнера тхо. Цигахь лагерехь Iийра тхо. Амма цигахь я болх бан аьтто а бацара, я пайденна юург а яцара, я бер цомгуш хилча, лоьршака кхайкха а бакъо яцара. ТIаккха цигара халла Германе схьадаьхкина ду тхо. „Дублин 2“ бохучу низамца тхо Полшехь хиллийла кхузарчу Iедална дIахаахь, цара цига юхахьовсор долуш ду тхо“.

2003-чу шарахь ша тIеэцча дуьйна цхьа адамийн бакъонашларъярхоша а, юкъараллин жигархоша а ирачу критике деш дара и „Дублин 2“ цIе йолу низам. Европерчу мухIажарийн а, шайн махкара бовдда безначийн гIуллакхех йолчу кхеташоно 2006-чу шарахь дуьйна айина ду и низам адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар. 80 йозуш йоцучу адамийн бакъонийн а, Iедалца а йоцучу цхьанакхетараллех лаьтташ йолчу цу кхеташоно кхайкхамаш бора Евробертан куьйгалле, и адамаллина дуьхьал долу низам хийцаре.

Амма хIинцалца схьа цу латкъамашан къора бара Iедалан дай. ХIинца эххар а Итале а, цигара дIа кхечу Европин мехкашка а кхача гIерташ болу Африкера а, Шемара а мухIажарш хIурда кеманаш а херцаш, хIора кIиранахь яьлча санна бIеннашкахь леш лаьттачех хьалхара гIулч яьккхина Евроберто. Изаъ кхелан сацам бахьана долуш яьккхина.

Коьрта хийцам – хIинцачул тIаьхьа цхьана пачхьалкхехь шена Iедало кхоьллина долу хьелаш шена тоъалла ца хетахь, я шен гIуллакх меттигерачу Iедало лартIехь листина а, йист яьккхина а дацахь а, я шеца меттигерачу Iедало я гIело я рассистийн хIу долу харцо йийцинехь, муьлхачу а мухIажаран бакъо ю, кхечу Европерчу пачхьалкхашка дехьавала а, цигахь кхин цкъа а тховкIело еха а.

Шен гIуллакх теллина немцойн Iедал далале и хийцамаш ницкъе бовлахьара аьлла сатуьйсу Полшера Германе дIаяханчу Мадинас а.

Мадина: „Тхан хаттар цара таллале и керла хийцамаш юккъебахахьара цара, бохуш, сатуйьсуш Iаш ду-кх тхо. Иза цара дахь, Франце я кхечу махка а дIасадаха бакъо хир яра тхан. Массо а мухIажаршна бале даьлла ду-кх и „Дублин2“ бохуш долу низам. Хуур ду-кх, хIун хир ду-м ца хаа“.

Лахьан баттан 14-чохь Люксембургехь тIеэцначу Европерчу кхелан сацамца, Мадинин а, кхин а бIеннаш нохчийн мухIажарийн а хIинца цхьа бакъо ю, шаьш Полше юхахьовсарна дуьхьал къовса. И къовсам, дера, церан массеран а толамца боьрзур бу бохучух теша хала ду. ХIетте а, хийла нохчийн мухIажаран кхолламехь аьттоне голатохар цунах хирг хиларх шеко яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG