ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьенан бу Шемара тIом?


Шема -- Димашкъехь оьрсийн векалт гойла ю
Шема -- Димашкъехь оьрсийн векалт гойла ю

Шеман президентана Асад Башарана а, Шемара оппозицина а юкъахь боьду тIом шемахойн хилла ца Iа. ГIазот даккха доьлху шаьш аьлла, цига бахана Нохчийчура, Европера нохчий а, Оьрсийчура бусулба динера кегий нах а. Шайна, шемахошна хетарехь, тайп-тайпана идеологица арара чуоьхучу тIеманхоша чолхе доккху, ишта а гена даьлла хьал. Шемахь гIазот хIунда кхайкхадо арахьарчу бусулба наха?

Масех бутт бу Шемара жимастаг Хьадис Чехерчу университетехь деша веана. Цуьнан коьрта бахьана ду, тIамехь дакъа ца лацар.
Димашкъехь бакалаврана тIегIане кхаьчнера иза.

ХIинццалц, Шемахь, цу мехкана президентана Асад Башаран режимна а, Шемара оппозицина юкъахь цIий Iенош дов доладаллалц, университетехь доьшуш хилча, эскарехь гIуллакх дан ца кхайкхара. Ткъа хIинца, мел волу жимастаг эскаре кхойкхуш ву цхьа хержам ца беш, оппозицина дуьхьал болчу тIаме хьажон. Амма цкъа а топ кхоссаза болу кегий нах сиха бойъу цу тIамехь, бохуш дийцира цо Маршо радионе.

Хьадис: "Шина шаре а 8 батте а баьлла тIом кхин дIа а беш хиларан коьрта бахьана ду, Асад шегара дарж охьадилла дуьхьал хилар. Цуьнан долахь ю Шемахь мел дерг. Ур-атталла, Конституци тIехь-ам ду, "иза нийсонан департаментах" а цхьаьна жоп луш ву. Цул сов, эскаран лаккхара хьаькам ву иза. Цу махкахь хIуъа а дан ницъ болуш ву Асад, и дарж бахьанехь. Шайн долара ферма санна лелайо цара тхан пачхьалкх. Суна хетарехь, цо цкъа а шен лаамехь охьадуьллур дац шегара дарж, нагахь Оьрсийчоьно тIеIаткъам ца бахь. Ткъа иза хир доцуш ду."

Шемахой кхеташ бу, Оьрсийчоьно гIортор еш ца хилча, асада ишта майра леларг ца хиларх. Оьрсийчоьно Нохчийчохь тIемаш дIахьуш, ша пайда эцна пропаганда хьоьху Асадан режимна а. Иза дика гуш ду, шегара дарж охьадиллар доьхуш оппозицино болийна болам, цо цIийла карчорехь. Шена дуьхьала мел болу ницкъ Ал-Кхайдица зIенаш хиларна бехке йо цо. Маршо радионо дагадоуьйту, нохчаша бечу тIамах оьрсаша терроран дуьхьало олуш хилар.

Нохчийн тIемалоша Шемахь тIомм беш хиларх лаьцна а алссам дийца долийна тIаьхьарчу хенахь. Шемарчу жимастага дуьйцу.

Хьадис: "Суна хаьа цунах лаьцна, амма суна сайна цкъа а дуьхьал кхетта вац цхьа а нохчо. Аса дешна цунах лаьцна, хаза а хезна суна (телевизионехула). Асадан Iедало оппозицехь мел верг бехке во, церан Ал-Кхайдица уьйраш ю бохуш. Оппозици - исламан экстремисташ санна гойту цара. Ма-дарра аьлча, цара нах кхерабо (иза а дуьйцуш)"

Цхьацболчу хаамашца, интернетехь Шемарчу гIазоте кхойкху бусулба нах. Коьртачу декъана, цунна жоп ло, Нохчийчура а, дай-наноша тIамах бовдийна, Европе балийна а кегий нах.

Диъ жима бер долу Белгера цхьа къона стаг ваханера Туркойчу, цигара дIа, Шемахь тIом бан ваха дагахь. Нохчийчура тIамехь оьрсийн эскархоша цуьнан да, деваша а, воккхах волу ваша а вийнера. Шен цхьаъ бен воцу кIант вен ца вейта, вадийна, Европе еана леллачу нене, цо дош ца аьллера. ХIумма хууш хIусамнана а ца хиллера. ХIуъа бахьана хIоьттинехь, цуьнан могуш-маьрша цIавар нисделлера. Амма ишта ирсениш кIезиг бу.

Нанас, гергарчара а, «ненан дог хьаьшна, диъ бер балхахь йоцчу зудчуьнца дитина, хьо хIун гIазот даккха ваханера» бохучу хаттарна дала жоп цуьнан ца хилира, бохуш дийцира, яла йоьжначу кIентан нанна дола динчу цхьана зудчуо.

ХIун бахьана ду, билггал нохчийн кегийрахой оццул цу тIама тIе баха хьаьгна хиларна?

Нохчийчохь оьрсийн ницкъаш латтийначу къизалло бина тIеIаткъам? ХIинца а оьрсийн Iедалша лелон харцо? Я, генара тIом - романтика ю? Цигахь тIемаш бан Iемина, юха, Нохчийчохь юха а Iедал карчон Iалашо ю? Я говза пропагандо кортош схьаоьцу?

Университете деша кIант дIахIоьттинчу Германера цхьана нохчийн зудчо дийцира, ша шен кIанте хIора сарахь хеттарш до. Тахана ахьа хIун дира? Хьаьнца къамел дира? Дуьхьал мила кхийтира? Цо хIун бахара? ТIаккха вукхо хIун элира? Iуьйранна а, сарахь а цуьнан дагахь мел дерг хаа хьожу ша.

Деша ишта а хала доллушехь, цунна жимма а мукъайолучу хенахь, ша цуьнга болх бойту элира цо, дешарна йоцчунна, цуьнга интернетехь хан ца яъийта. Цу нанас ша чIогIа кхоьру бахара, ша санна наноша ца байъийта Европе схьабалийна нохчийн кIентий байъа Iалашо йолу ницкъаш, интернетехь и пропаганда еш хиларх.

Шайна, шемахошна хIун хета, шайн махка тIемаш бан оьхучу нохчех а, кхечарах а лаьцна?

Хьадис: "Нохчийн а, кхинболчу а, тIом бан оьхучу тIемалошка аса хIун эр дара аьлча, хIинцале долчул тIе а чолхе доккху цара Шемара хьал. Уьш массо а тайп-тайпана идеологи, тайп-тайпана хьашташ хьалха даьхна леташ бу. Иза церан тIом бац. И дара сан ала Шемарчу девнехь дакъа лаца баьхкинчу нохчашка а, арахьара тIебаьхкинчу кхечу тIеманхошка а."

Хьенан бен Шемахь боьду тIом? Шеманхойн я массо а бусулба нехан?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG