ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амнисти кхайкхийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо


Оьрсийчоьнан Конституцин 20 шо кхачарца доьзна амнисти кхайкхийна Пачхьалкхан Думо. Президенто Путин Владимира кечйина йолу проект тIеийцира депутаташ массо а реза а болуш. И документ болх бан долалур ду цуьнан текст зорбане яьккхинчул тIаьхьа. Иза хила мегаш ду Еарин, я ПIераскан дийнахь. Амнисти хьакхалур ю 25 эзар стагах.

Царна юкъабаха мегаш бу, масала, Болтоная олучу гIуллакхехула чубоьхкина болу нах а, «Арктик Санрайз» Гринписан хIордакеман экипаж а, ткъа иштта Pussy Riot панк-тобан декъашхой а. Думо бинчу сацамца амнисти амнисти хьакхалур ю адамашна ницкъ бина боцучу жима а, юккъерчу барамехь а зуламаш дина болчу нахах.

Иштта цунна юкъабогIур бу кхиазхой а, заьIапхой а, къаной а, доьзалх болу зударий а, жима бераш долу зударий а, пенсионераш а, Чернобылехь хилла авари дIайоккхуш дакъалаьцна нах а, эскархой а, ницкъаллин структурин белхахой а, тIамехь дакъалаьцна нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG