ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вочу хьолехь бу Италехь мигрантийн центршкахь болу нах


Евроберто критика йина Италехь мигранташ латточу центрашкахь долчу хьелашна. Евробертан чоьхьарчу гIуллакхашкахула йолчу Еврокомиссин векло Мальмстрём Сесиллияс дIахьедар дина ша таллам бола бо аьлла, Италерчу мигрантийн центаршкахь лаьттачу хьолана, къаьсттина Лампедуза гIайрентIехь йолчу меттигашна.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан мухIажирашкахула йолчу агенталло а Шинарин дийнахь критика йинера Лампедузехь мигранташ вочу хьелашкахь латтош хиларна. Цуьнан векалша дийцарехь цигахь латточу мигранташна деш долу гIо лахара ду хилийта мегар долчу стандартелла а.

Лампедуза Iуьллуш ю Тунисна а, Сицилина а юккъехь. Цигахула чекхбовла Европе балха баха гIерташ болу Африкера мигранташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG