ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь тхов-кIело лоьхучу мухIажаршна лерина керла низам 2015 шарахь болх бан долалур ду


Белги -- кхокха бу Европан Бертан уллехь хиина Iаш, Брюссел, 13Гез2012
Белги -- кхокха бу Европан Бертан уллехь хиина Iаш, Брюссел, 13Гез2012

ХIора шарахь Европехь тховкIело йоьху массо а дуьненан маьIIера схьаоьхуш болчу эзарнаша наха. Царех ур-аттала эхан ахна а позитиве жоп ца ло – дукхахберш юханеха хьовсабо, уьш тIеэца тоалла бахьанаш а ца гой. Азимова Сийлахас дуьйцу, Европехь уггаре а хазчу муьрехь – Iиса пайхамар вина де даздечу деношкахь, хIуммаъ самукъане доцучу мухIажарийн декъах лаьцна.


ХIора шарахь Европехь тховкIело йоьху массо а дуьненан маьIIера схьаоьхуш болчу эзарнаша наха. Царех ур-аттала эхан ахна а позитиве жоп ца ло – дукхахберш юханеха хьовсабо, уьш тIеэца тоалла бахьанаш а ца гой. Азимова Сийлахас дуьйцу, Европехь уггаре а хазчу муьрехь – Iиса пайхамар вина де даздечу деношкахь, - хIуммаъ самукъане доцучу мухIажарийн декъах лаьцна.

Европехь хIора шарахь керла дахар а, кхерамазалла а лоьхучу нехан гергара терахь 330 эзар мухIажаре кхочу. Ткъа боккъал а и тховкIело а, керлачу ирсе кхача аьтто а луш, церан дехарна позитиве жоп а луш, тIеоьцуш царех 70 эзар бен вац. Кхин дIа берш шаьш дуьххьара Европе кхочуш ког левзичу махка юхакхуьйсуш, ткъа юха цигара а шаьш бевддачу, шайн дукхахьолехь тIемаша а, харцонечу Iедалша а хьийзочу даймахка юхахьовсабо. Цхьаццаберш кхин цкъа бовдий, къайла а бовлий, шерашкахь Европин гIаланашкахь иллегала хьесапехь, деношка буьйлуш, гIийла дахар дууш лела.

Уьш, и дедоьхнарш, кхиамечу, машаречу Европехь гIо лоьхуш схьаоьхуш берш, биц ца баре кхайкхира шен Iийса пайхамар варца немцойн къам декъалдарехь Германин президента Гаук Йоахима. Доллучу дахарехь евангеликан килсан мозгIар санна болх бина а, шен адамийн бакъонашкахь болчу къийсамца а вевзаш волчу цуо элира, „вай кху дезчу деношкахь дагалоцу, вай долчу схьаоьхуш болу и миска нах, хIунда аьлча царна вай долчехь го шайн цIахь йоцу маршо а, шайн бакъонаш а, нийсо а ларйийр хиларна йолу гарантеш а“, аьлла.

„Дика дахар хьо кхечу нахаца цхьаьна хилчий бен, царна ахь белшаш гIортийчий бен хуьлийла дац. Цундела вайца цхьаьна махкахь бехачу кхечу къаьмнех а, динех а, цхьа а дин доцучаьрца а бертахь а, машаре а хила деза вай“, - аьлла кхайкхам бира цуо.

И дешнаш кху деношкахь, Европехь керистанаша шайн уггаре а деза де, – Iийса пайхамар вина де, - даздечу муьрехь, Европера гIаланаш серлонаша къагийна лаьттачохь, ткъа бIеннаш эзарнаш меттигера нах кху тIаьхьарчу кIиранашкахь вовшашна дала совгIаташ ийдеш, туьканашкахула саьхьара дIасахьийзачехь, къаьстина дагах кхета цу дахаран исбаьхьчу агIонна йистах бисинчарна – цкъачунна цхьа а бакъонаш йоцуш, шайн кхолламех меттигерачу Iедалхоша бен болчу сацаме кхерамца а, сатийсамца а ладоьгIуш бехачу мухIажаршна.

ТIаьхьарчу беттанашкахь Италерчу Лампедуза гIайренна уллохь массийтаза хIурдакеманаш керчаш, бIеннашкахь мухIажарш кхелхинчул тIаьхьа, эххара а лакхарчу тIегIанна тIехь дийцаре даьккхина дукхахенахь дуьйна гIап хилла дIахIоьттинчу Европа-континентан политикаша а, Iедалан дайша а мухIажаршка болу хьежам хийца беза, бохург. Масех бутт хьалха Европарламенто сацам тIеийцира, мухIажаршна тховкIело яларан низамаш мелла а аттаче даха. И хийцамаш 2015 шарахь дуьйна нуьцкъале хир ду.

Цу керлачу бакъонашца, тIейогIучу хенахь тховкIело ехаран гIуллакх таллар Европерачу Iедалхоша сихдийра ду. Нагахь санна, хьалха цхьаммо и дехар динчул тIаьхьа цхьаъ я масех шо Iедалхоша и хIума толлуш, дехар динарг я ара а ца воккхуш, я цунна катоьхна тховкIело а ца луш, латтош хиллехь, хIинца мел дукха а ах шо далале цуьнан гIуллакх теллина, йист яьккхина хила дезаш ду.

Кхин цхьаъ ду. „Дублин - 2“ цIе йолу, дуккхаъчу нахана, шайн юккъехь нохчий а болуш, бале даьлла долу Европера низам дIадокхуш дацахь а, амма нагахь санна ша дуьххьара ког левзинчу пачхьалкхехь мухIажаран бакъонаш дика ларйина яцахь, я цуьнца Iедалхой дегаза а, кIоршаме а хиллехь, ткъа иштта цуьнан гIуллакх таллар цара эха шарал дахдинехь, цуьнан легала бакъо хир ю, кхечу Европин пачхьалкхахь тховкIело еха.

Ткъа уггаре коьрта керладерг – кхиазхой, 18 шо кхачанза болу, нагахь санна уьш да-нана цхьана а доцуш, Европе мухIажарш санна схьабаьхкинехь, царех „Дублин - 2“ барт хьакхалуш хир бац, уьш шайн луучу пачхьалкхехь тховкIело еха маьрша хир бу.

МухIажарийн хьал наг-нагахь дукха тиша нислуш хиларна бехке дуккхаъчу
меттигашкахь царна шаьшна шайн бакъонаш а, шаьш схьабаьхкинчу пачхьалкхийн низамаш а ца девзаш хилар ду. Ткъа иштта юристийн гIо лаха мотт ца хаар а, ахча а ца тоар а нисло цу бахьанашна юккъехь.

Дукхаъчу шерашкахь нохчийн мухIажаршца болх бечу немцойн адамийн бакъонашларйархочуо Маас Эккехарда хьоьху массо а мухIажарна, шаьш Германе я кхечу Европерчу махка схьадахкале жимма мукъане а меттигера хьал а, низамаш а таллар а, ка ма-доллу алсам информаци шайх лаьцна а, шаьшна шайн даймахкахь болчу кхерамех лаьцна а гулйар а.

Эккехард Маас: „Массо а нохчочуьнга ала лаьара суна, - шайн мохк бита кечлуш болчаьрга,- цкъа хьалха шаьш схьадогIучу пачхьалкхан мухIажарш тIеэцарах долу низамаш дешахьара аш, шайна тIаьхьуо, шаьшна луучу а ца кхочуш, цхьанхьа кхечахь а кхаьчна, бала ца хилийтархьама а, я цхьана социалан хаосе шаьш ца кхачийтархьама.

Ткъа нагахь санна шаьш хьалха Польше кхаьчнехь, тIаккха ас хьехар дийра дара, цигахь цкъа хьалха совца а совций, шаьшна цигара кехаташ схьа а далийтина, тIаккха шайна луучу дIасадахар. ХIунда аьлча, нагахь санна шу цигара цхьа а бахьана доцуш, иллегала Германе схьадаьхкича, цунах даима а аьлча санна шуна шаьшна боккха бала хуьлу“.
Ткъа ткъачунна Европехь ирс лоьхуш цига кхаьчна болу мухIажарш, хьалха санна, я стиглахь а боцуш, я лаьттахь а боцуш хан яккха дезаш бу, шайн кхолламашка гIийла ла а доьгIуш. Дукха бу царна юккъехь, Эккехарда Мааса хьахийна болу Польшера къайлаха Германе схьа а баькхина, ткъа Германино шаьш хIинций-хIинций юха а Польше дIаюха хьовсабо-кха бохуш, Iаш болу нохчий а.
XS
SM
MD
LG