ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жеребцовас диллина кехат яздина Ходорковскийга


Нохчийчоь -- Нохчийн нана шен шина бераца, бомбанаша йохийначу петарна чохь, Соьлж-гIала, 21Гез2007
Нохчийчоь -- Нохчийн нана шен шина бераца, бомбанаша йохийначу петарна чохь, Соьлж-гIала, 21Гез2007

КIира хьалха ша набахтера араваьллачул тIаьхьа дуьххьарчу интервьюхь массо а цецваьккхира Ходорковский Михаила, ша Оьрсийчоь екъа йиш йоцуш лоруш ву, аьлла. Иза екъа ца ялийта ша эшахь тIаме а гIур ву элира цуо. Цунна дуьхьал схьадиллина кехат яздина Нохчийчуьрчу тIамех едда, Финляндехь ехаш йолчу яздархочуо Жеребцова Полинас.

Ходоорковский Михаила ша Къилбаседа Кавказ Оьрсийчоьнах дIа ца къастийта , эшахь, тIом бан кийча ву аларо цецбахаре тIеIаткъам бина ур-аттала яздархошна а.

„Сан исс шо долчу хенахь, сан гIалина гуо бира оьрсийн танкаша – тIаккха цара цIенойх херцарш ян йолийра, шайна чохь Iачу нахаца цхьаьна уьш лелха а деш. Хьан цIенна тIе цкъа а танкаша хIоъ-молха диттиний, господин Ходорковский? Сайчунна-м диттина. ЦIийна лакхара гIатт догура, ткъа бераша инзаре маьхьарш хьоькхура- церан догIмаш даьндаргех дуьзнера.

Сан денда, ШозлагIчу дуьненан тIеман декъашхо, цу деношкахь лоьрийн цIийнахь вара. ГIоле йолуш яра цунна, цундела сой, сан наний иза цIавалон дагахь яра. Амма иза лоьрийн цIенна тIе бомбеш тоьхча вийра. Тхоьга иза кIиранахь дIа ца воллавелира, оцул чIогIа тIе етташ бомбеш хиларна.

Суна хаьа, ахь дуккхаъ хIума лайний набахтехь. Амма цхьаъ алахьа соьга - хьоьга цхьана мIаьргонна а хьайна дуьхьалхIотталой, лазархоша маьхьарш муха хьоькху, шаьш Iоьхкучу лоьрийн цIенна тIе бомбеш еттачу хенахь?“

И дешнаш Ходорковский Михаиле яздинарг Жеребцова Полина ю, масех шо хьалха политикан бахьанашца Оьрсийчуьра едда дIа а яхна, Финляндехь товкIело а карийна, хIетахь дуьйна цигахь ехаш йолу.

Цуо ши шо хьалха „Полина Жеребцовин йозанаш“ цIе а йолуш, документала киншка ярахийцира, Нохчийчохь шозза а тIом болчу хенахь ша а, шен доьзало а, нийсархоша а лайнарг дуьйцуш йолу. И киншка бахьана долуш цунна цабевзачара кхерамаш тийсинера, тIаккха яда дийзира цуьнан Оьрсийчуьра. Ходорковскийс тахана ша, бан безахь, тIом бина а, екъа ца йоькъуйтуш, ларйийр ю бохуш йолчу Оьрсийчуьра.

Полина дика кхета, схьахетарехь, Ходорковскийс, Берлинерчу угарре а езачарех йолчу „Адлон“ отель чохь туш тоьхна Iачу, цкъа а Оьрсийчоьнна тIе а хIоьттина тIом бийр боцийла. Дукха хала хир ду цунна, итт шо набахтехь даьккхинчул тIаьхьа воьдуш лаьтташехь 5 седа болчу хьешийн цIийнан люкс – апартаменташка хиинчу, окопашка ваха.

Нохчийн цхьана кицанах олуш ма -хиллара, Iам лаьттинчохь уьшал ца ешна, цундела шен миллиардех буха дисина долу миллионаш окопашна дуьхьал цуо хуьйцур доцийла кхета массарна а. Амма вогIуш лаьттахьехь и Оьрсийчоьнан уггаре а вевзаш волу тутмакх Къилбаседа Кавказана кочавар ларамаза доцийла кхета тергамхой.

Белгерачу нохчийн политологна Асхабов Хьамзатан а кхета иза. Цунна хетарехь, Ходорковскийс ишта дIахьедар даран ши бахьана ду.

Асхабов Хьамзат: „Путинца массо а хIума дийцина а долуш, цуьнца цхьа барт а хилла, билгал а даьккхина бен иза араволийла дацара. Цу цара дийцинчарна юккъехь Нохчийчоь а хиллачух тера ду. ХIунда аьлча, Нохчийчохь хилларш цу Путинан зуламаш ду, массарна а хууш. Иза цкъа балхара дIаваьллачул тIаьхьа цунна кхел ян там бу бохучух нах теша а тешаш. Уьш цуьнан зуламаш хилар дуьненна а хууш ду.

Цундела цунна мехала дара Ходорковскийс и хIума хьахор. Ткъа хIинца Ходорковскийс иза алар цунах иза Путинна къарвалар ала мегар ду. Иза хьалхара бахьана ду. Шозлаха бахьана – набахти чохь ваьллина стаг оьрсаша даима а лоруш хуьлу, иза стенна а чохь ваьллинехь а, иза бакъонехь къовсуш хилча санна а хеташ. Цундела цкъа мацца а, Путин дIаваьллачул тIаьхьа, политике юхаверза дагахь, оьрсашна уггаре а герга долчу хIуманца – национализмица а, империализмица а ловзарш деш дина ду цуо и дIахьедар“.

ХIинца, и дIахьедар ша динчул тIаьхьа, шена гуонахьара сийллалин дохк мелла а лахделлехь а, амма тIейогIучу ханна сай лаьттаха боьллича санна Iийр ву иза аьлла хета политологна Асхьабов Хьамзатна. „Мацца а цкъа Путин дIавалахь“ бохучу сатийсамца.

Ткъа Къилбаседа Кавказаца дIа ца къастийта тIом бан ваха кечвеллачу Ходорковскийга къоначу яздархочуо Жеребцова Полинас цулла а шен киншка еша, бохуш хьехар до, Оьрсийчоьнан йозуш ца хилар муьлхачу мехаца эцна ю хьайна хаа лаьахь.

„Дешахьа цулла тхо Оьрсийчоьно шен дола муха дехира бохучух лаьцна. Цул тIаьхьа а Оьрсийчоь екъа йиш йоцуш хилийта лаьий хьуна ? Суна-м ца лаь. Суна эхь хета-кх суо цигара йолуш, лайшна хIоттош долуш мухIар сайна тIехь долуш санна“, - иштта чекхдоккху цуо шен схьадиллина кехат

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG