ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СовгIаташ а ца луш, дIаваха ГIура Дада...


Керлачу Шеран васт гойтуш даьккхина сурт
Керлачу Шеран васт гойтуш даьккхина сурт

Керла Шо, ерриг а Оьрсийчу санна, кхочу базанашца, даздаршца Нохчийчу а. Баккхийчарна хьовха, берашна а бохьу цо шеца кеп-кепара дагахьбалламаш. Дахначу шарахь а санна, цхьа а совгIаташ доцуш битина махкарчу дешархойх шийтталара бевлларш. Амма Iедало телевизионехула дина дIахьедарш-м дара цхьа а бер дуьсур дац Керлачу шеран совгIатийн тIоьрмиг ца луш, аьлла.




Керла Шо даздарна гонах, цхьаболучара, бусалбанаша билгалдаккха ца догIу иза, хьарам ду боху. Бер-кер, жима - воккха – массара а цхьабосса самукъа а долуш, иза тIеоьцуш хилча, ирс- аьттонца деана хилийталахь Керла Шо бохуш, Деле доьхуш хилча, шатайпа куьцечу, бес-бесарчу духаршца хазбелла дешархой байташ йоьшуш, эшарш лоькхуш, шовкъе базана гонаха хьийзаш хилча, хIун ду цигахь галдаьлларг, боху вукхара.

Керла шо даздар шеконе дуьллучарна бIаьрла, къеггина масалш ду кху деношкахь школашка бIеннашкахь адамаш лестар – карахь-марахь бераш долуш зударий а, кегий нах а. Уьш школашка оьху шайн берашка-дешархошка, йиша-веше хьовса а, серлаюьйлуш лепаш лаьттачу базана юххехь суьрташ дахийта а.

Доцца аьлча, Керла шо тIеэцар, кхушара дуьххьара а доцуш, шатайпа самукъадаларан а, садаIаран а хилам а хилла дIахIоьттина Нохчийчохь. Базана гонах лаьттачеран елаелла, екхаелла яххьаш гуш хетало уьш массо цхьатерра ирсе ву, баккхийбер бен церан дахарехь эшаме хIумма а дац. Оццул самукъадаьлла го адам.

Бакъду, хIинцца зевне хьийзинчу цхьадолчу берийн самукъа школашкара ара а довлале тIепаза дов. Стенна аьлча, кхушара а дитина Нохчийчохь школашкахь доьшу дукхахдолу бераш совгIаташ а ца луш.

«Юьхьанцарчу 4 классехь болчу дешархошна деана хьалха совгIаташ, цул тIаьхье масех де даьлча, 27-чу дийнан буьйсанна 11 сахьт долуш ду-кх, соьга зIе туьйхира, 5-чу классан дешархошна а луш ду совгIаташ, сихонца дIадахьа дуьйла аьлла».

Ишта дуьйцу цхьана школан директоро берашна деллачу совгIатех. Цо дийцарехь, кхушара дуьххьара хуьлуш бац и тайпа цатам берашна. Iедалехь болучара и совгIаташ а ца луш, хеназа бакхий хилар тIедожош ду шийтта-кхойтта а, дейтта а шераш долчу дешархошна.

Школашкахь дешархошна ца лучу соагIатийн хьокъехь бахархошна тамаше хетарг ду официалехь дина дIахьедарш. Телевизионехь ши-кхо кIира хьалха, масала, хааме даьккхинера, махкахь цхьаьллиг цхьа бер совгIат доцуш дуьсур дац аьлла.Ткъа уьш эзарнашкахь дисина. Нехан цецбийлар кIаргдеш хIума ду, массо маьIIера миллионашкахь харж еш, беза-баккхий хьеший листа йолу таро берашна хазахетийта цатоар.

«Тхуна лур дуй совгIат? Тхуна стенна ца ло, дIочарна стенна ло? Уьш хIун динарш бу? Цхьа шо ца долу-кх тхуна кху тIаьхьарчу хенахь бераша оцу кепара лазаме хеттарш ца деш. Оха цаьрга хIун ала деза?» Ишта хеттаре буьйлу иттанаш хьехархой. Царехь ю Щелковск кIоштера Зулай а.

Зулай: «СовгIаташ делла. Тхан школехь юьхьанцарчу классашна даийтина совгIаташ. Советан хенахь массо а берана лора совгIат. Хьехархочунна а лора. ХIинца-м ца ло. Ши куьг хаьдча санна, веса дIавоьду хьехархо. Хьехархочунна и цаялар доккха хIума хета суна-м. Суна-м ца хаьа, хьехарчунна а, дукхахдолчу берашна а уьш стенна ца ло. Берашна совгIат мел чIогIа деза. Цундела цара хеттарш а до, «тхуна лур дуй совгIаташ?", бохуш.

Цхьаболчу хьехархоша кхеторехь, Iедалехь болучара школашка цхьа цхьаъ совгIат ца деънехь а дацар-кх дан хIума. Кхузара цара олу : "Далла хастам бу-кх Iедало берашна оццул совгIаташ дина а, и ца динехь а долура иза-м". Долчух тоам бечех ю Новр кIоштера кхоалгIачу классан хьехархо ПетIамат.

ПетIамат: "Сан шолгIа класс ю. Дика совгIаташ делла берашна. 5-чу классе кхаччалц. Дела реза хуьлда царна. Делахь, тхан школехь 6-чу классера дуьйна делла-м дац совгIаташ. Официалехь дуьйцуш цхьаъ долуш, массарна и совгIаташ стенна ца до, суна-м ца хаьа. Суна дага а догIуш 11-чу классе кхаччалц и совгIаташ кху Нохчийчохь делла-м дац. Хиндерг гойтур-кх везахинволчу Дала".

СовгIаташ цадалар бахьанехь дешархошна хуьлу цатам боцуш, хьехархоша билгалдоккхура массо бохург санна хьукхмат-урхаллашкахь, бахамашкахь, белхалошна берийн карадала, церан дог эца совгIаташ деш хилар. Цара кхеторехь, кху тIаьхьарчу 11-12 шарахь цкъа а дина дац и тайпа совгIаташ дешаран а, Iилманан а министараллехь. Иза хьехархойн мел лерам бу хоуьйту гайтам бу те я церан бала цакхачаран билгало ю те? И хаттар диллина дуьсуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG