«Ал-Кхайдин» тIемалойх гIала мукъаяккха аьлла кхайкхам бина Иракъан премьер-министро Ал-Малики Нурис Фаллуджерчу бахархошка, цига эскарш дахкийта шайна ца лаахь. Пачхьалкхан телевизионехула вист хуьлуш, цо элира, цу гIалара тIемалой террорахой бу аьлла.
Даханчу кIиранах Фаллуджи а, Рамади а гIаланаш дIалаьцна «Иракъехь а, Левантехь а исламан пачхьалкх» цIе йолчу тобано. КIирандийнахь Iамеркан Пачхьалкхан секретаро Керри Джона дIахьедар дира Iамерка гIо дан кийча ю Иракъан Iедалшна «Ал-Кхайдица» къийсам дIахьош аьлла.