ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан къошташкара Iедалан хIусамаш дIалоьцуш бу протестхой



Украинан Iедало даредина деношкахь протестхой а, полици а вовшалеташ лазийначу гуламхойх кхин а цхьаъ дарбан хIусамехь дIавалар. И тIечIагIдо Киеван могашаллин департаменто.

Шоьтан Iуьйранна протестхоша дIалаьцнера энергетикан министраллан гIишло, амма тIаьхьо мукъайитира. Сарахь бертан къамеле кхайкхира президента Янукович Виктора оппозици. Машар кховдош, иза резахилла протестан лидершна даржаш дала: премьер-министран - Яценюк Арсенийна, вице-премьеран - Кличко Виталийна.

Протестхоша ерриг Украинехь дIалецна итт сов мехкан коьрта шахьаршкара администрацин цIенош. Конфликт машарца ерзон гIертар маьIна доцчу даьлла, дIахьедира шоьтан дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министра Захарченко Виталийс.

Киеве веъначу ЕвроБарт шорбарехула комиссар волчу Фюле Штефана Украинан Iедал кхайкхира, нахана тIеIаткъамбар дитаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG