ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера пачхьалкхашкахь яьржинчу коррупцино Европан Бертан экономикана деш долу зе 120 миллиард евро барамехь ду


Европера пачхьалкхашкара коррупци инзаре боккхачу барамехь шуьйра а ю, цо Европан Бертан экономикана деш долу зе 120 миллиард евро барамехь а ду аьлла дIахьедар дина, Европан чоьхьарчу гIуллакхийн комиссара Мальстрём Сесилияс, Швецехь хIора дийнахь арадолучу Göteborgs-Posten-ехь.
Европан пачхьалкхашкара коррупцех лаьцна кечдина дуьххьалрлера рапорт довзийтинера цо.

Таллам беш шозза хеттарш динера Европан бертан пачхьалкхашкахь. Церан жамIашца а догIуш, Европан пачхьалкхийн бахархойн диалгIачу декъана хетарехь. Церан пачхьалкхехь шуьйра яьржина коррупци. Иттанна юкъара веа бизнесхочо аьлла, Европехь бизнес ян новкъарло еш ерг коррупци ю. Мальмстрём бахарехь, цу талламаша гайтина, уггар кIезга коррупци кхоллаелла пачхьалкх Швеци ю. Демократе а. Уьнах-цIена экономика а дIакхехьа болу тешам бойъу коррупцино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG