ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маж-мекх муха ду, гайтал!


Германи -- Пфорзейм-гIалахь маж-мекхийн къийсамехь дакъа лоцучерийн сурташ, 27Оха2013
Германи -- Пфорзейм-гIалахь маж-мекхийн къийсамехь дакъа лоцучерийн сурташ, 27Оха2013

Кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчура Iедалдайша Iаламат чIогIа юьхьарлаьцна шайн кеп-барамца, хьажамца богIуш боцу кегийрхой, ма-дарра аьлча, дашца тIеIаткъам беш цхьа мур баьллачул тIаьхьа, мекхаш а доцуш, куьйса мажош йолу кегий нах лецна дIа а буьгуш, мажош дIаяша йолийна.


Чекхбаьлла дечке бутт бале мехкан куьйгалхочо вахабхой а, церан болам бийцаре беш кхеташо дIаехьчахьана Iаламат марсабаьккхина Iедалехь болчара а, муфтиятан белхоша а церан болам къарбарехь йохуш йолу гIулчаш.

Телерадио йоцуш, «Даймохк», «Вести» кхечу газеташа а шуьйра дIасадаржош ду Кадыровс цу гулам кхеташонехь дина къамел. «Меттигерчу Iедалдайшца а, Iеламнахаца а дийнахь а, буса а болх бан беза вахабизмаца доьзна долу цхьа хIума а нохчийн лаьтта тIехь цахилийтархьама.

Вахабиташа баланаш а, вонаш а деана иттаннаш эзарнаш доьзалшна, цундела уьш юхатохар ондда хила деза»,- аьлла дIахьедар дина мехкан куьйгалхочо.

«Нагахь санна жима стаг шен сурт-сибатца а царех тарвала гIерташ велахь, орцадаккха деза, цуьнан гергарниш кхето беза оцо стенна тIедало тарло…Ишколашкахь болх дIабахьа беза…»

Цу кепара Кадыровс хааме даьккхинарг, кхин дIасатеIар а доцуш цо мА-аллара кхетийначух тера ду Iедалехь болчу хьадалчаша. Стенна аьлчи и нийса ду я дац, низамаца догIу я ца догIу бохург чот-хьесапе а ца оьцуш, ши кIира гергга хан ю Нохчийчохь меракIелош цIена а йитина, мажош дIахецца а, хечин когаш пазаташ чу боьхкина а кегий нах сецош болу. Цу кепара кхетош-кхиорна тIехьажийна цхьана ханна лецарш дIадехьна Гуьмсехь а, Соьлжа-гIалахь а,кIоштийн массо бохург санна ярташкахь а.

Цкъа хьалха низамхой чекхбевлла ишколашкахула лакхарчу классан дешархой «вочух ларбеш», телпонаш чохь харц идеологица бозабелла хаамаш мА хилийта бохуш. ХIинцца кху деношкахь муфтиятан а, кегийрхойн комитетан а белхоша массо ишколашкахь цхьаьнакхетарш дIадехьна дешархой вахабхойн харц тIеIаткъамах ларбарна тIехьажийна.

Амма цуьнца цхьана, кест-кеста карладаккхар доцург, сацош дац вахабхошна тIаьхьабозуш бу боху шеконаш йолу кегий нах полисхоша шайн урхалле кхийлар а, цигахь царна, дашца бина а ца Iаш, тIеIаткъам бар а. Кху беттан шогIачу дийнахь масала Теркйист кIоштан ЧIуьлга юьртахь низамхоша а, муфтиятан белхахоша а цхьаьна, лецна дIа а буьгуш, нуьцкъала мажош а йошуш, "кхетош-кхиийна» цхьа могIа кегийрхой, бохуш дуьйцу цу хиламийн теш хиллачара.

Цара харц ца до цу декъехь динан урхалла тIаьхь-тIаьхьа «гена йолуш» хилар. Ишта хьажам болчех ву цигга юьртара гIеххьа дешна а волу вахархо Iабдул. Цо даре до етташ цIийш а эхийтина цхьаболчаьрга бохуш.

Iабдул: «Муфтият хьера йолуш юй те аьлла шек ву–кх со-со а. ЦIийш дIадахийта аьлчи а дIа ца дохуьйтуш йиттина цхьаболчарна. Мажош дIа яшийтина ницкъала. Нийса дац дера-кх ишта ницкъ бар. Маж лелаярра-м важаб ду.»

Нах сецорехь хьалханчаш муьлш бу? Муфтият ю я низамхой бу?

Iабдул: «Уггар хьалхарниг муфтият ю. Цхьана а дино, низамо магош дац цу кепара ницкъ бар.»

МогIарерчу наха а мукIарло до шайн-шайн юьртара а сецийна мажош лелош болу кIентий бохуш. Новр кIоштехь хилларг далхош ю Билкъис цIе йолу яхархо. Цо лечкъа ца до дукхахболчу бахархошна вахабхошна тIаьхьабозурш лецар товш хилар.

Билкъис: «ЦIарца бийца ца лаьа суна. Суна хууш шиъ вигна. Мажош дIа а яьшна ницкъала. Массара а дика бигна олу. И бохург хIун ду. аса а боху, кхечара а боху. Ишта кхера ца бахь уьш кхин а тIекхетар мА бу. Кхера а бина совца ца бахь. Нахана хаза хетахь бен, хала хеташ дац уьш сецабар. Кхеро беза…»

Нохчийчохь керла тулгIе йолийна вахабхойн дог-ойла кхиош болчийн могIанаш лилха дахарна тIехьажийна. Бакъду, цхьаберш шек бу, Iедалехь болчара, нехан амал-лаамаш кегго, уьш охьатаIIийна латто санна, лерам боцуш йохучу гIулчаша мелхо а церан могIарш дебош, стамдарехь гIо дой ткъа, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG