ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а гуьржаша юхаверзийна Музаев Сайхан


Лондоне деша воьдуш волу Музаев Сайхан юха а - 5-гIа - кеман тIе ца валийтина Тбилисехь Гуьржийчоьнан дозанан сервисан белхахоша. Цуьнах лаьцна хаам бина меттигерчу бакъонашларъярхочо Шошикелашвили Алекса.

Музаев Гуьржийчоьнан махкахо ву 2011-чу шарахь дуьйна. Полицин белхахоша шаьш цу стагана дуьхьалонаш яран бахьана дуьйцуш дац. Амма ша Музаевс дийцарехь, Саакашвили Iедалехь ницкъаллийн структурашкахь лаккхарчу даржашкахь хиллачу нахана дуьхьал харц тоьшаллаш де бохуш хьийзош ву иза Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан контр-талламанн урхаллан белхахоша.

Хьехош дерг ду, Лапанкури эвлан йистехь нохчий а бойуш, 20I2-чу шарахь Марсхьокху-баттахь хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG