Европан Кхеташоно Украинан дакъа Кремло хьажийначу эскарша дIалацар дийцаре дечу юкъанна ГIирмерчу парламенто еарий дийнахь кхаьжнаш тесна мохк Оьрсийчоьнах дIатухуш. Цигарчу министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовса Темиргалиев Рустама хаам бина, массо а депутаташа къадийна шаьш иза къобалдеш хилар, цуьнца доьзна референдум а хир ю махкахь, аьлла.
Амма Оьрсийчоьнехьа долу ГIирмера Iедал къобал ца до Киеверчу мехкан лидерша – леца кхайкхина бу цигара Iедалан а, парламентан а дай.
Оцу юкъанна ду Брюсселехь Европан лидерш Украинера хьал дийцаре дан гулбалар а. Европан хьукматаша дIакъевлина Украинехь президент Iийначу Янукович Викторан а, кхин а 17 цуьнан гонерчу а стеган банкашкара чоьташ.