ГIирмахь лелориг бахьана долуш Оьрсийчоьнна дуьхьал экономикан санкцеш кхайкхо еза аьлла хеташ бу 59 процент Iамеркера бахархой. Иза гойтуш бу CNN телекомпанино а, ORC International олучу консалтинган фирмо а бина таллам.
Цуьнца цхьаьна 48 процент бахархоша лаккхара мах хадийна Iамеркан президенто Обама Барака Украинехь хуьлуш дерг бахьана долуш яьхначу гIулчашна. 43 процент нах реза бац цунна. Iамерко Оьрсийчоьнна тIеман тохар дан мегар ду аьлла, хеташ бу 17 процент цу талламехь дакъалаьцна нах.
Ткъа цига шайн эскархой бахийта беза аьлла хеташ бу 12 процент бахархой. Украинехь хуьлург бахьана долуш саготта бац Iамеркехь ах бахархой а.