ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонаш ларъеш йоцчу конституцин де


Нохчийчоь --Конституцин Де, Соьлж-ГIала 23Заз2014
Нохчийчоь --Конституцин Де, Соьлж-ГIала 23Заз2014

КIирандийнахь Нохчийчоьнан конституцин Де даздина меттигерчу Iедало а, цо даздаршна арабаьхначу наха а. Конституци язъяр мухха а хилахь а, оцу конституцино ларъеш яц махкахь дуккха а бакъонаш, аьлла хета дуккха а нахана.




Мехкан коьрта низам -Конституци тIецна де билгалдаьккхина Нохчийчохь. Iедалехь болчара, басарш ца кхоош, дийцина цуьнан мехаллех а, маьрша дахар чIагIдарехь цо лаьцначу декъах а. Нохчийн къам кхиаран, маьршачу дахаре дерзаран тоьшалла лору урхаллехь болчара заздоккхучу беттан 23-гIа де.
Бакъду и тIеэцар къоман исторехь мехала хилам санна тидахь а, цхьаболчара кхеторехь, коьрта низам махкахь кIоршаме талхош ду.

Ког баькх-баьккхинчохь бакъонаш талхош, тергалло харцонаш ца йийцича а, уггар доккхачех зулам а, Конституци лар цаяр а лору цхьаболчара цу тIера I0-гIа статья тергамза йитар. Цу тIехь къастам боллуш яздина ду: Нохчийчохь Пачхьалкхан меттанаш ду нохчийн а, оьрсийн а меттанаш. Амма Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь, массо тIегIан доьшийлашкахь, хаамийн гIирсашкахь шуьйра пайдаоьцург цхьа оьрсий мотт бу.
Нохчийн маттана эшам а беш, Конституци вуно чIогIа талхош лоручех ву байтанча-гочдархо Хатаев Хьусайн. Цу хьокъехь ду тхойшиннан къамел.
Маршо Радио: - Цу конституцино мел таронаш ло нохчийн маттана кхиа, дахарехь чIагIбала а?

Хатаев: «Цу коьртачу низам тIехь аьлла ду Пачхьалкхан мотт республикехь шиъ бу, нохчий а, оьрсий а. Цу шина метта статус хьо талла воьлча хьуна карадо оьрсийн меттан статус юьззина кхочуш еш хилар. Нохчийн меттан статус цхьана а кепара кхочуш еш яц. И бохург хIун ду сан. Хьо Соьлжа-гIала веъча, масала, хьуна хIокху махкахь бехаш берш нохчий бу аьлла тоьшалла кара а дийр дац. Нохчийн мотт кхайкхийна. Иза Пачхьалкхан мотт хилар гойтуш цуьнан статус хьалаюза еза. Конституцино схьаелла бакъо оха дахаре ерзо езар. Тхайна дуьхьала цхьаъ ваьлча, дIагайта а мА ду иза, тхо тхай бакъо кхочуш еш ду-кх аьлла».

Маршо Радио: Хьусайн, Ростов гIалара веъна эрмало вара Варданян цIе а йолуш. Нохчий телевизионехь оьрсий мотт буьйцуш гича цо элир-кх: « Цара оьрсийн мотт стенна буьйцу,ладоьгIуш берш нохчий боллушехь? Ахь муха кхетадо иза?

Хатаев:«Кхета а ца до-кх. Иза лартIа дац-кх. Нагахь санна тхуна тхо къам а долуш, къам санна, даима а кху дуьнентIехь хир а долуш, лардан хIума оьший,оха ларбан богIург мотт бу-кх. И ларбан цуьнан ницкъ ца кхачахь цул мехала кхин цу къомо лардан оьшуш хIумма а дац».

Маршо Радио: Таккха, нохчийн маттана а тIе а доьгIна аьлчи, цу меттан декъехь и коьрта низам кхочуш деш дац-кх?

Хатаев: «Цхьанне кепара. Цу конституцин мехалла и мА ду иза, тIе а лаьцна цо и бакъо ялар Пачхьалкхан мотт бу аьлла. Ткъа хIинца мел беламе нисло. Масала бийцаре беш бу цхьана кхеташонехь нохчийн мотт. Цунах доглозург а хилла къамел деш ву цхьа Iилманча я Iедалда. Къамел деш ву оьрсийн маттахь. ТIаккха беламе дац иза. Конституци мехала хIума. И талха а ца еш, цу тIехь мел дерг кхочушдар перза хIума хила дезар Iедалехь болчарна»

Нохчийн коьртачу низамах а, ненан маттах а дийцина Хатаев дегайовха ву нохчийн маттана тIеберза, цуьнан бала кхача Iедалан мукъ карахьболчеран хьекъал кхочур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG