Хьалха дийцина ма -хиллара, чехка мох хьокхуш, карзахдаьллачу Iаламо даккхий зенаш динера Теркаца Iохкучу цхьайолчу кIошташкахь. Къаьсттина эшам хиллачех ю Новр а, Теркйист кIошташ. Ницкъалчу мехаша бахархошна даккхий зенаш дина кIира зама яьллехь а херцийна керташ, дохийна божалш, кхидолу зенаш доцуш тахна а хаало ярташкахь тхевнаш доцуш беркъа лаьтта цIенош. Эвланашкахь кIаргвелла зераш дан хьашто а йоцуш, дакъазьевлла цхьайолу хIусамаш гуш ю федералан боккхачу некъаца дIавоьдуш а.
Масала ирча сурт тергалло Новр кIоштехула чекхболучу боккхачу некъаца Iуьллучу Алпатов юьртахь. ХIирийн мехкан Мазалк гIалара ДегIастанан ГIизлара гIала боьдучу некъан аьтто агIор лаьттачу ши гIат долчу цIенойх дукхахдерш дохийна луьрачу мохо.
Цхьадерш бахархоша, тIаьхьо хилла а, Iедалера гIо хиларе са а туьйсуш, шайн ницкъашца битаме далийна. Ткъа цхьадерш, ворхI-бархха-м муххале а, тахна а лаьтташ ду, орцане мохь бетташ санна. Мохо чутоьхна тхов юхаметтахIотто таро йоцчех, Iедалера гIо ца хилча амал доцчех ву соьга шена хиллачу зенах дийца резахилла Алпатово юьртара вахархо. Нагахь Iедало гIо деш хилахь а цунна эшам ца хилийта яккхаза юьту ас цуьнан цIе. Цо ишта дуьйцу, декъазчунна децIеран а догIу бохучу кицанах тера, шена хиллачу зенах.
Алпатовхо: «Юьртдега а аьлла. Даха а даьхна суьрташ а дIакхачийна. Цара хIумма а ца дина цкъачунна. Оха тхьаьшша даьхна суьрташ а. ХIинццалц схьа гIо деш гучудаьлла хIума-м дац. Зенаш дукха дина. Комисси йогIур ю бохуш ладоьгIуш-м ду тхо. Царна дIагайта ма деза хIара хилла тхуна аьлла. Юьртдас и маца йогIур ца хаьа бах. КIира а сов-м даьлла.»
Маршо Радио: Iедалера шайна билггал гIо хир ду аьлла тешна дуй шу?
Алпатовхо: «Со-м ца теша. Стенна ца теша хаьий хьуна? БогIург хиллехь тохара баьхкина хир бара. Юьртда меттахваьллехь цхьаъ хир дара. Шина-кхаа кIирне дер дацара Iедал Iедал делхьара. ВогIург валош схьа а веъна цо даррап аьлла гIо дан дезара хIара берийн къамелаш а ца деш».
Ницкъала хьаькхначу мохо даккхий а, кегий а зенаш дина бахархоша гIийла елахь а дегайовхо кхобу, Iедал гIо ца деш Iийр дац-кх аьлла. Бакъду, соьца къамел динчу вахархочух тера цатешарш а бац кIезиг. «Нахана гIо дер хилча-м ,- боху цхьаболчара,- цара бала а кхаьчна, юьртдай коьртехь а болуш, ара а бевлла, шаьш суьрташ а дохуш, хIокхунна хIара хилла, дIочунна и хилла бохуш, бакълена а зенаш хилла бахархой».
Доцца аьлчи карзахдаьллачу Iаламо эшам бинчу бахархоша бен-бен кхетадо Iедалан парталла. Цу хьокъехь цара.могIарерчу наха, карладоху миллионаш ца кхоош. махкахь, бу мел боху беза-баккхий хьещий тIе а оьцуш, кест-кеста дIахьуш долу цхьацца даздарш а, спортан къийсадаларш а.