Украинина цхьа миллиард доллар кредит даларца доьзначу низаманна тIе куьг таIийна Iамеркан президенто Обама Барака. Цу низамца а догIуш, санкцеш кхайкхош ю цхьамогIа Оьрсийчохь а, Украинехь а бехачу политикашна а, Iедалан белхахошна а дуьхьал. Iамеркан Конгресс тIеIаткъам бан гIерташ ю Обамина, цуьнан администрацега Европана газ йохкар вовшахтохийта дагахь.