Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дина, Малхбалерчу Украине эскаран дакъош хьажор Киеверчу Iедалша шайн хьалкъана дуьхьал деш долу зулам ду аьлла. Цуьнан тIаьхьалонаш хир ю бохуш вара Оьрсийчоьнан куьйгалхо. И дIахьедарш Путина дина Петербухехь Славянск-гIала мукъайоккхуш Украинин эскарша операци йолор бахьана долуш.
Киевера Малхбузенехьа долу Iедал «хунта» а, «клика» а ю бохуш цIераш тохкуш вара иза. Путина чIагIдарехь, Малхбузено кхайкхийначу санкцеша дIоггара тIеIаткъам ца бо Оьрсийчоьнна. Цу хеннахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхин министро Лавров Сергейс дIахьедар дина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа Iаткъам бан беза Киевана, даханчу кIиранах Женевехь тIеэцна берташ кхочуш дайта аьлла.