Башкирехь суд хилла "Хизб ут-ТахIрир" олучу бусулба организацин 5 декъашхочунна тIехь. Сибай - гIалахь 35 шо долчу меттигерчу вахархочунна Хабиров Вадимана ши шо хан тоьхна. Ткъа висинчу веа стаганна гIуданаш тоьхна суьдхочо 80 эзар соьман тIера 150 эзар соьманна тIекхаччалц.
Лондонехь штаб-хIусам йолу "Хизб ут-ТахIрир" Iалашо йолуш ю, берриг а бусулба наха цхьаьна а тоьхан, исламан халифат кхолла. Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело йихкира и организаци 2003-чу шарахь, цуьнан агIончаш экстремисташ бу аьлла.