10 шо хьалха хилла хьал хийцаделла, йоккха башхалла йолуш ду Нохчийчохь. ТIемалошца а, низамхошца а доьзна долу тасадаларш хуьлуш дац. ТIьаххьара хилларг дара, цхьа ши кIира хьалха Хьалха-Мартан кIоштехь. ХIета, полицийн машена кIелахь мина эккхийтинера муьлша бу ца хуучу наха.
ТIеман жигаралла дIа ма яьлнехь, Iедалшна хьалхахь лаьтташ яра кхин Iалашонаш-махкахь могIарерачу нехан кхерамазалла лакхъяьккхар. Дешан маршо а, политикан къийсадаларш а махкахь дацахь а, цхьана хIуманна тIехь аьтто баьлла таханлерачу Iедалийн. Махкахь дIахIоттина, кхечу регионашна масале а хIотто мегар йолуш система-цхьана стагах дозуш ду Iедал. Иза Оьрсийчохь дIахьош йолу Iедалан вертикаль олуш ерг ю.
Нохчийчоь, тахана уггаре а кхерамазалла йолчу регионех цхьаъ ю. Иза бакъ ду. Дуьйцура дац, муха даделла иза, амма, къепенна и барам а доза долуш боцийла дIахаийтина республика куьйгалхочо низамхошна.
Полицийн хьалхахь лаьтташ Iалашо ю, махкахь наггахь бен деш доцу зуламаш гучудахар 100 проценте даккхар. Цхьан кIоштехь иза долуш ду. Иза Шуьйта кIошта ю. Цигахь дIа мел дина долу зулам ша дерг гучадоккхуш ду. Уггаре а ледар оцу тIегIан тIехь болх беш ерг, аьлча а, и терахьаш лаххара долуш ерг ю Соьлжа-гIалара Ленинан кIошт. 67 процент зуламаш гучдахар бен ца кхачаелла ицу меттиган полици. Цуьнан куьйгалхо кхечу метте дехьваьккхина, ткъа цуьнан меттан Шуьйта кIоштан полицийн куьйгалхо дIахIоттина.
Кхузахь талламаш беш бац, Шуьйта кIоштий, Соьлжа-гIалахь уггаре а дукха адамаш деха Ленинан кIоштий, цхьана бустаме йиллар нийса ца хилар, амма, иштта буьрсий бен ца бо таханлерачу Iедалша болх.
ХIоттийначу планца болх беш ю Оьрсийчохь полицийн система. Цхьаболчара иза дика дац боху, ткъа, кхечу тергамхоша, оцу хIумно низамхошка болх бойту боху. Ша а цхьан хенахь Совета заманахь милицийн белхахо хилла ву Муса цIе йолу стаг. ХIинца пенсехь ву иза. Ша болх бечу хенахь планан система яцара. Шай кIоштехь кхо талламхо бен вацара, элира цуо.
Муса: «Совета заманахь план хIоттош яцара. ГIуллакхийн йозалле хаьжжина лорура. Кху Мартан тIехь кхо талламхо вара. Хуьлуш долу зуламаш толлура цара. Дукхий, кIезгий бохуш, план яцара церан. Иштта хIинца хирг хира ду-кх. Изза хьал кхеран а ма ду. Цхьа хIума ду цигахь- 3 я 4 гIуллакх кхеле кхачош ца хилча, иза талламхо ма вац. Цу хенахь а дара иштта гIуллакхаш. Вижана а Iуьллуш, гIуллакхаш сецош волу талламхо белхахо вац. Иза дIатоттуш хIума хила дезаш ду».
Тахана, низамхойн лергах даиманна мехий догIу Iедалан дайша, уьш бахарошца кIеда-мерза хилийтархьам. Бакъонашларъярхоша леррина цхьацца семинараш а дIахьо оцу хьокъехь. Цигахь полисхошна дуьйцу адамийн бакъонех а, царна, шай белхан йозаллах а.
Ша дерг олийла дац полисхой и лергах мехий дахар тидаме оьцу аьлла. Цхьаболчарна дукха сиха бицло бина хьехам. Нисло некъашца лаьттачу автоинспектораш машенлелархошна Iаткъам беш. Шена тIеIоттаделларг дуьйцу Сулейман цIе йолчу Соьлжа-гIалара хIокху стага.
Сулейман: «Машенца схьавогIуш сацийнера со автоинспекторо. Вахь а воссий шена тIаьхь вола элира соьга. Ас, сан гIуллакх дац хьуна тIаьхьван. Хьуна хIун оьшу, хIунда сацийна со, хьо мила ву а вовзийта, аьлла жоп делира. Ахь хIун къамел до, вайнеха вац хьо, тIевеъча хьалгIатта ца веза хьо,бохуш вара соьга.
Ахь, со вайнех ву аьлла сацийна вац. Хьуна хьалхахь седа бу «ДПС» аьлла йоза тIехь а долуш. Оьрсийчоьнан низамашца къамел деш ву вайшиъ, элира цуьнга. Кхин цхьаъ тIе а веъна, хьо иштта ца вуссахь, мийра а бетташ воссора ву бохуш къамел дира соьга».
Полицехь болх мел беш волу ша мел волу стаг оцу могIаршка, ларамаза кхаьчна олийла дац. Къаьстина, шай говзалца а, бахархошца уьйранаш хиларца лакхабоьвла полисхой-куьпхой. НеIарга баьхкича а, кIеда-мерза къамел до цара. Амма, нисло, полицийн лерринчу ницкъашна юккъахь а, и тIеман барзакъ доьхна аьлла, шайца оьздангалла йолуш берш а.
Оцу хIумано гойту балхо адамийн мах лаккхбоккхуш ца хилар. Иза до, ша адамо. Ткъа, уьш, мухха а далахь а, махкахь шортта бисина бу, кийрахь нохчийн дог а, яхь а йолуш.