Дукха хан йоцуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Хасав-юртан мэран хьокъехь динчу дIахьедаро цец-Iакъ баьхнера дукхахболу тергамхой. Ца моттура царна, иштта, низамехь жоп деха мегаш долу дIахьедар цуо дийра ду аьлла. Амма, аьлларг аьлла ду. Хууш ма хиллара, шен багар даьллачу деша да волчу Кадыровс, хIинца, нагахь санна, низамашца ма бохху иза дIадодахь тоьшаллаш дало деза ша аьллачуьнна.
Ткъа, Дагестанерачу Хасав-юртан мэран Умаханов Сайгидпашана хьокъехь цуо аьллера, иза зуламхо ву а, цуо тIемалошна гIо деш ду а, иштта цуьнан уллера гергара стаг ша а эмир ву аьлла а.
Иза мел бакъ долуш хIума ду, къастор доьхуш, Оьрсийчоьнан Талламан комитете дехар дахьийтина Навальный Алексейс дукха хан йоцуш кхоьллинчу «Прогрессан парти» олучу цхьанатохаралло. Цара, шайна къасто лаьа боху, лаккхарчу даржехь волчу цхьаммо важ даржхо цу тайпа луьра зуламаш дина аьлла бехк биллар, мел бух болуш ду.
Оцу дIахьедаро, Оьрсийчуьра Iедалш хIинца халчу къастаман хьалхахь хIоттина, боху цхьанэшшара тергамхоша. Цхьана агIора, терго а йоцуш дита йиша яц Кадыровс Умахановна буьллуш болу бехк, ткъа, кхечу агIора, царах цхьаъ бехке а волуш дерзо деза иза. ТIаккха а, и гIуллакх, кхин гена а ца долуьйтуш доьрзуьйтура ду аьлла шеко яц цхьаболчу тергамхойн. Масала, ша а бизнесхо волчу Алиханна иштта хета иза.
Алихан: «Цуьнах цхьа а хIума хира дац. Кхузахь цхьа нийсо а йолуш лелаш пачхьалкх хIара ялхарий, цуьнах цхьа агIо ян езара яр. Дагестанехь цхьацца лелхарш деш, нах бойуш хуьлуш ду, иза цхьа йоккхаь ало санна ю. И гIуллакх дара талла дезаш дерг».
Хасав-юртара базарах пайда оьцуш берш, 90 сов процент нохчий бу. ТIаккха, Нохчийчуьрчу Iедалийн бехк а бац, боху цхьаболчу тергамхоша, и базар шай махка ерзо лиъча. Цундела, нагахь санна, Кадыров Рамзана Умахановна буьллуш болу бехк, и коьрта бахьан а долуш балахь, иза нйиса ву аьлла хета Алиханна.
Алихан: «Оцу Хасав-юртахь йолчу базарахь оьцуш верг а, юхкуш верг а, ша верг аьлча санна, нохчи ву. И базар нохчий н латта тIхеь хичла нийса хира дара. Цундела и бахьан долуш далахь, Рамзан нийса ву. Амма, юха а тIаккха а боху ас, Кавказехь тахана долу хьал Кремлан кегадайта луура дац».
Навальный Алексейн партино и дов талла аьлла чуделла дIахьедар Оьрсийчоьнан юккъараллехь емал дан долийна. КъилбаСеда Кавказера хьал талхо гIерташ ву боху цхьаболчара, иза Iамеркан агент ву а бохуш, амма, цара шаьш а даре до, низаме диллича, цуо бохург нийса ду.