ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нарендра Модин инаугурацехь дакъа лоцур ду Пакистанан премьер-министро Наваз Шарифа


Пакистанан премьер-министран Наваз Шарифан зорбан-секретаро бечу хаамца, Шарифа дакъа лоцур ду, оршот дийнахь Делихь дIахьон йолчу, Индин керла премьер-министран даржехь чIагIлучу Нарендра Модин инаугурацехь.

1947-чу шарахь ши пачхьалкх йозуш йоцуш хилчхьана дуьйна, цхьана пачхьалкхан лидеро дакъа лоцур ду, вукху пачхьалкхан куьйгалхочуьн инаугурацехь. ТIаьхьарчу 60 шарахь шина пачхьалкхана юкъахь кхо тIом иккхинера.

Нарендра Моди, къоман кхерамазалла чIагIъеш шога гIулчаш яхарехьа волу политик лоруш ву. Пакистанца йолчу юкъаметтигашкахь а шога позици ю цуьнан а, цо урхалла дечу "Бхаратия джаната партин" а. Шина пачхьаькхан юкъаметтигаш телхинера, 2008-чу шарахь Мумбай гIалахь Пакистанерчу тIемалоша тIелатар а дина, 166 стаг веллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG