ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдад кечлуш ю тIемаш бан



Иракъан премьер-министра Малики ал-Нурис хаам бина, гIаттамхойх ийгIина, дIасакъастинчу ал-Къаидан дакъошкахь хилла мехкан къилбаседанехьара кIошташ пачхьалкхан эскарша юхаерзийна БагIдадна аьлла. Телевизионехь кхаарийдийнахь къамел деш, ша шиIат волчу ал-Нурис элира, боьхна бисина хилла шиIаташ суннаташна дуьхьалхIитта кийча бу хIинца.

Кху беттан юьххьехь дуьйна а, тIаьхьий-хьалхий гIаланаш а йохуш, БагIдадна герга гIертара Исламан пачхьалкх Иракъ а, Леванта а олучу боламан тIемалой. Деношкахь церан караяхна хиллачу Тал-Араф гIалин дакъа хIинца шайгахь ду боху эскарша. Иштта цара юхабаьхна тIемалой Байджи-гIалина гергахь а. Оцу юкъанна шайн Мосулна уллехь болх беш хилла 40 гIишлошъярхо лачкъийна, аьлла, даржийна ХIиндойн дипломин министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG