Дешархоша шаьш хаьржина экзаменаш а тIехь мехкарийн а.кIентий а хаарш зер дIадирзина Нохчийчохь. «Оьрсийн мотт» дIаяларехь шианнаш даьхначара кху беттан I8-чу дийнахь дIаелла дIаялар массарна а тIехь долу и экзамен. Ишта мехала лоруш йолу шианнаш даьхначара «Математика» тIаьххьарниг шолгIа а дIалуш ю кху мангалан беттан 19 –чу дийнахь.
Масех экзаменан жамIаш хууш ду, дIаялар массарна а тIехь долу «Оьрсийн мотт» экзамен биста кхаччалц. Шиъ ца даккха яха еза баллаш 36 тIера 24 тIекхаччалц кхушара лахйинехь а 22% сов дешархо лара ца велла и экзамен дIаяла.
Вуьшта аьлча, шайн хаарш зуьйш болчу I4 эзар цхьа бIе кхузткъаннах хIора а пхиалгIачуо дIа ца елла оьрсийн мотт экзамен. Вуьшта аьлчи шолгIа а шайн хаарш мел кIорге ю хьажа араваьлларг вара 2.550 сов кегийрхой. Кхин а ледара хьал ду кхиазхоша шаьш хаьржина экзаменаш дIаяларехь.
Литературана шианнаш даьхна 32% дешархоша. Говзанчаша а, хьовсархоша а бIокъажош, цецбохуш вуно ледара жамгIаш ду географи йовзарехь. И къар цаелларш инзаре дукха бу - 57 % кхаччалц. Дешаран а.Iилманан министараллин маьхькIамхошна хетарехь , хIордаш, океанаш мичахь а бу хууш,материкаш йовза а евзий те дешархошна аьлла, цхьана шарахь ца хиллачул гIаддайна гIуллакх географии хаарехь дерг. Оццул генадаьлла хьал дацахь а, кхин дIоггара толаме гайтам бац физика дIаеллачарлахь а.
Дешархойн хаарш оццул ледар хилар цхьаболчу дай-наноша кхушара цкъа а ца хиллачу кепара чIагIдинчу хьелашкахь берашка экзаменаш дIаялийтарца дузу. Цара дийцарехь экзаменаш тIекхача масех кIира хьалха дуьйна кхерамаш туьссуш Iаткъамехь латтийна бераш.
Юх-юха дегIах хьуьйсуш, берашна тIеIаткъам барх, кхерамаш тиссарх дуьйцуш ву Соьлжа –гIалахь цхьана ишколехь экзаменаш дIалуш хиллачу кIентан да Магамадов Висхан.
Висхан: « Оцу берашна, суна хетарехь, психологичеки ницкъ беш бу-кх. Цхьанхьа зераш до, тIаккха кхечанхьа киснашка хьоьжу, камерш йоц-йоцче а бохуш, мачаш дIайохуьйту, пазаташ чу а хьоьжу. Кхечанхьа доцург стенна леладо. Iадийча санна дIаялийти-кх цара и экзаменаш.»
Соьца экзаменийн хьокъехь къамел деш волчу Висхана билгалдоккху ярташкахь долу дешаран хьелаш яккхийчу гIаланашкахь долчу хьелех дуьстича аьттехьа а тера догIуш, доццушехь экзаменаш дIаялар кхузахь а цигахь а цхьатерра нисдар харцо хилар.
Висхан: « Москвахь а, кхечу яккхийчу гIаланашкахь а цхьа билам-хьелаш ду дешарехь. Кхузахь а, цигахь а цхьатерра хуьлийла а мА дац йоза-дешар Iамор. И цхьатерра долчуха экзамен дIайоьлуьйту ярташкахь болчаьрга. И нийса ма дац. Хьалха Советан Iедал долуш кегийчу къаьмнашна лерина программаш яр-кх. ХIинца иза а дац ур-аттал.»
Кхушара экзаменаш дIалуш хиллачу I6 эзар сов ккегийрхойх 4 эзар сов стохка экзамен дIа ца луш бисинчех бу бохуш даре до дешаран а.Iилманан а министараллин хьостано. Кхушара экзаменаш дIа муха елла тидамехь латтийначу цхьаболчу хьехархошна хетарехь, схьагучу суьртехь и терахь тIедогIучу шарахь кхин а масех эзарна лакхадала а сахьт дац.
Оццул чIагIдинчу хьелашкахь дIаялийтина кегийрхошка экзаменаш, уьш кIелбитар Iалашо лаьцча санна, къардайна хьийзаш тIехьовсуш берш а болуш.