Керстан динехь эвлаяъ санна веза лоруш волу Радонежский Сергий вина Ростов гIалина гергахь, Варница юьртахь I3I4 –чу шарахь. Цуьнан I4 шо долуш да-наний дIадахна Москоха кIоштан Радонеж юьрта. Керста динехь Iелам стаг санна иза гIаравала волавелча, Радонежский Сергий аьлла цIе дIаяхна цуьнан халкъалахь.
Цуьнан инзаречу хьуьнарех, делера кхаъ хилла, дала герга озийна стаг хилла бохуш, туьйранехь санна дукха ду дуьйцуш. Царех ду хIара а: монголан-гIезалойн дукъ кIелара оьрсий дIабаха шен эскар-бIо вовшахтоьхна ваьлча, Донской Дмитрий Радонежский Сергийн килсе а веъна, иза дехаре ваьлла бах, хиндолчу латарехь толам хилийтар дехахьара доIанца Деле аьлла.
Сергийс цуьнан дехарна жоп даларал сов, ширчу тептарша билгалдаккхарца, шен шиъ накъост вахийтина цунна гIоьнна. Исторехь хууш ма-хиллара Куликово поле олучу майданахь Донской Дмитрийс толам баьккхина монголан –гIезалойн бIо-эскаршна тIехь.
Радонежский Сергий дIакхелхина I392-чу шарахь шен 78 шо долуш. Цо шена муьтIахь, куьйга кIел мел болу керстан динан агIончаш-Iеламнах тIе а гулбина,шIа валале жимма хьалха весет дина бах, »вовшашка ладугIуш хилалаш, вежарий, догцIеналла а, шалхо йоцу безам а ларбелаш» аьлла.
Цуьнан, керста динехь эвлаяъ тайппа, веза-воккха ларалучу Радонежский Сергийн икона-сурт а, дегIан чархах йисина даьIахкаш а ю Соьлжа-гIала кхачийнарш.
Деле къинхетам боьхуш, доIанаш а деш, Соьлжа-гIалин Архангел Михаилан килсахь цаьрга хьовса таро хилла лаам мел болчу керста нехан. Къоман политикан а, арахьарчу уьйрийн а, зорбанан-хаамийн а министараллин хьостано чIагIдарца, цу перза-еза хIумнашкахь хьовсийта Шелковск а, Новр а кIошташкара оьрсий а кхийлина Соьлжа-гIала. Иконе а, даьIахкашка а бIаьрг тоха бIеннашкахь килсе листина Нохчийчохь къепе ларьеш болу Оьрсийчоьнан низамхойн а, тIеман министараллин куьйга кIелара эскархой а.
Официалан дийцарехь, Радожский Сергица йозаелла хIумнаш Къилбаседа Кавказан кхечу кIошташка а кхачор ю. Цунна къастийна ду, дийцарехь, леррина хIаваан кема а.
Ала дашна, шайн терго ярна а, бала кхачарна а керстан динехь мел берш баккхийбийна а ца бовлуш, Iедалдайша само йо церан цу декъехь хьашт-дезарш листарехь.ХIора а уьш йина а яьхна, болх бан йолаяларций дийцина мА хиллара, Соьлжа –гIалара Архангел Михаилан килс йоцуш, кхузахь керста нехан килс ю Новр кIоштан Новр гIалахь а, Шелковскойхь а.
Цигга кIоштехь керстан нехан динан хьашташ луьстуш болх беш ю оьрсаша часовня олу зугIар а. Цул сов хIора а шарахь, керстахоша марха достучу дийнахь,Iедало шен чоьтах лерамца тIеоьцуш бу цу дезачу деношкахь, маьI-маьIIерчу кIошташкара гергарчийн коша тIехIитта мел богIу хьеший, царна маьхаза хуьлуьйтуш ю дехьа-сехьа бовла транспорт а, буьйса яккха тхов-кIело а.
И доцуш, Iедалан балхахь болчу къинхьегамхоша шайн лаамехь белхий а беш, марха досту де тIекхачале дикка хьалха дуьйна а, хIора а шарахь, цIано еш куьце даладо церан кешнаш. Массо ярташкахь бохург санна, го чIагIбеш, йина яьхна кешнийн керташ а. Нохчийчохь болчу массо мозгIаршна Iедало елла машенаш а, балхахь болчуха цхьацца хьукхмат-урхаллашка дIа а язбеш, нохчийн молланашна санна, хIиттийна алапаш а.