ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинехь 121 стаг вийна Израило


Пхи де ду, дуккха а палестинахой а бойуш, Израило Газа-секторна тIе тохарш ден. 121 стаг ву Палестинехь велларг, цигарчу лоьраша ечу чоьтаца. Джабалия гIаларчу маьждигна тIе тоьхначу ракеташа шоьтан дийнахь вийна 7 стаг. Палестинахоша шайн махканна ракеташ йиттина аьлла долийначу Тел-Авиво, Палестине хьовсийна эскарш.

Дуьненан юкъараллаша тIом сацабе бахахь а, шаьш иза палестинахоша ракеташ кхийсар саццолц дIабахбийр бу, аьлла дIахьедина Израилан премьер-министра Нетаньяху Биньямина. Шаьш дуьхьало сацор яц аьлла д1ахадийна Палестинерчу Хьамас боламо а. Эзар сов Iалашонна тохарш дина шаьш Палестинехь, хаам бо Израилан эскархоша. Газера Израилан агIор хецна, цара дийцарехь, 700 ракета.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG