ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а ракеташ тоьхна ХАМАС-а Израилна


Пхеа сохьтана кхайкхийна герзаш деттар сацор чекхдаьлча ХАМАС тобано Газа-асанера юха а ракета хецна Израилан территори т1е. Цкъачунна вийна-ваьккхина стаг ву-вац дуьйцуш дац. Израила цхьана ханна тохарш дар сацийнера Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин дехарца.

Гуманитаран организацийн миссеш дагахь яра Газехь бехачу бахархошна хи а, кхача а, кхин долу сурсаташ а дIакхачо. Палестинин векалша чIагIдарехь, кху беттан 8-чу дийнахь Израило операци йолийнчхьана ракеташ а бомбанаш а йиттина вийна 230 палестинахо. Царах дукхах берш машаран бахархой бу. ХАМАС-а ракеташ а тоьхна вийна цхьа жуьгти.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG