ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера оьрсийн мухажирш бу Нохчийчу баьржаш


Украина -- ТIамо дахар дохийна Донецкан бахархойн, 21Тов2014
Украина -- ТIамо дахар дохийна Донецкан бахархойн, 21Тов2014

Кавказехь бухарчу тIемаша хIусамех бохийна нах хIинца а тIехь тхевнаш боцуш буьсуш белахь а, Украинан малхбалерчу тIамах уьдучу оьрсашна, ша-ша хьалхавала а гIерташ хIусамаш кхийдош бу Къилбаседа Кавказан куьйгалхой.

Къоман политикан а, арахьарчу уьйрийн а, зорбанан –хаамийн министаралло гIардаккхарца Нохчийчуьра I3-I4 тонн кхачанан сурсаташ дахьийтина тIеман хиламаш бахьнехь Украинера бевддачу бахархошна. Даа хIума дIакхачийна мухIажарш дIатарбинчу Ростов кIоштан Новошахтинск гIала.

Министаро Жамалдаев Шаида дIахьедарца и рицкъ вовшахтохарехь жигара дакъалаьцна Кадыров цIарахчу юкъараллин фондо а, масийтта бен-бечу министараллаша а. »Оха I2 тонн дама а, дуга а, I тонн 200 литар маьлхадаьтта дIакхачийна билгалйинчу метте. Дан лерина гIо-м кхин а алсам дара амма бухарчу хIусамдайша цхьанаметта ерриг схьа а ца тоттуш, кIез-кIезиг яхьара аьлла дехар динера».Ишта кхетийна шаьш эшам хилллачарна дина а, дийр долу а гIо арахьарчу уьйрийн Департаментан директоро Хажмурадов Iисас.

Официалан хааме даккхарца Ростов кIоштан дIакхачо Нохчийчохь вовшахтоьхна лаьтташ

ду кхин а 56 тонн кхачанан сурсаташ а, I0 тонна транспортана ягориг а, масех эзар тонн даьтта а, шишанаш чу дерзийна молу хи а. лаккхарчу тIегIан маьхькIамхоша чIагIдарца «же!» мА аьлланехь мичча хена а, хьем ца беш, де-буьйса ца лоруш дIакхачо йиш йолу ю и хIумнаш Ростов кIоште.

Ала догIу юург-мерг йоцуш Нохчийчоьнан цIарх Украинехь болчу вайнехан векалша а дина, цхьацца хьашт-дезарш листа аьтто беш, гуминитаран гIо, тIамах довдийна Киеве дIакхалхиначу интернаташкахь долчу боберашна а, ишта тIамана гена даьхначу берийн цIийнашна а.

Мехкан а, шайн а цIарх, Украинера тIамо лелхийначу бахархошна гIодар чIогIа тайна дукхахболчу бахархошна. Иштачех ю Соьлжа гIалара хьехархо Хьаваши а.

Хьаваши: « Украинехь хIоьттина хьал гуш, тхайна тIехь лаьттинарг карла а долий, хаза нехан санна, дог Iаьвжа. ЧIогIа къа ду цу нехан бех-гуьнахь а доцуш хьийзош болчу. Царна гIо дина аьлчи чIогIа хаза а хета. Сайн ницкъ кхочучу барамехь аса-м дийр дара даламукъалахь. Кхузахь таро йоцурш, гIийла бохкурш кIезиг бацахь а тIама юкъахь болчарна гIо дар дика ду-кх. ТIеман къахь хIора а доьзале кхаьчна Нохчийчохь. Тхайна тIехь лаьттинарг кардаларе терра тхуна къахета царех, цигара хьал вуно дог Iавжаме ду-кх. ГIоьналлин куьг кховдор дика ду-кх»

ТIамах къаьхкина махках бевллачарна кхачанан сурсаташца аьтто бар доцуш, Iедалан хьостано дIакхайкхорца карарчу хенахь Нохчийчохь тIелаьцна Украинера I80 мухIажар, мацах цкъа кхузахь баьхна болу. Къоман политикан а, зорбанан а министараллин хьостано хааме даккхарца махкахь цара йоккхачу хенахь церан бераш дIатардийр ду ишколашка а. берийн бошмашка а, таьжгенаш а ца лелош, массо кепара аьттонаш бийр бу баккхийчеран а, мел оьшу кехат-бакъо ялар биста кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG