Кавказан Имаратан векалша Iораяьккхина Амир Умаров Докка кхалхарх а, дIавуллуш гойтуш а йолу видео. Иза яьккхина де а, Умаров дIавуллу де а ду, цара гайтарехь, дахначу шеран гуьйренан Гезгмашин-беттан 7-гIаниг.
Гулбеллачу накъосташа, царех цхьаъ ву тIеман баьчча Саидов МахIран, Умаров дIаволлале, цуьнан дакъа а гойтуш, дуьйцу, юьстахарчу тIемалочо беъна кхача биинчул тIаьхьа велла виъ гIаттамхо шаьш хьалхо дIавоьллина, ткъа Амир царел тIаьхьа, халкъе шена кIинтIера далар а доьхуш, дIавелира, бохуш.
Видео яржийна «Хунуфа» а, «Кавказцентр» а сайташа.