Гуьржийчоьнан прокуратуро бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина цу мехкан президент хиллачу Саакашвили Михаилана дуьхьал. Цунна бехке дуьллуш ду шен бакъонел тIехвалар.
И зулам дарна Смаакашвилина кхайкхо мегаш ду набахтехь даккха 8 шо. Вуьшта аьлча, Саакашвилина бехке дуьллуш ду 2007-чу шарахь Лахьан-беттан 7-чу дийнахь митинге арабевлла нах дIасалахкар а, «Имеди» телекомпани йохор а, бизнесхочуьнан Патаркацишвили Бадрин бахам дIабаккхар а.
Цу тайппа бехкаш кховдийна прокуратуро кхин а масех Саакашвилин Iедалехь хиллачу стаганна. Оршотан дийнахь прокуратуре кхайкхина хиллачу Саакашвилис дIахьедар дина, хуьлург дастамалла ду аьлла. Иштта дара Маршо Радион тIеххьара керланаш.