Укранера Оьрсийчу кхочучу мухIажирийн терахь дено-дено алсамдолуш ду. Массо регионашкахула баьржина Украинера оьрсий. Царна шайн дахаран хьелаш тодан оьшу керлачу мехкашкахь белхан меттигаш. Ткъа ша Оьрсийчохь а ю белхашна къоьлла.
Делахь а Оьрсийчуьрчу цхьайолчу кIоштийн куьйгалхоша аьтто бо мухIажирашна балхашка хIитта. Царна юкъахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо Ростов кIоштарчу мухIажирийн четар-гIала леррина нах а бахийтана, шен махка балийна цигара говзанчаш. Нохчийчоьнан къинхьегаман министраллан куьйгалхочун гIоьнчас Тамаев Iумара дуьйцу.
Тамаев: "Украинерчу тIамах бевдда Нохчийчу схьаоьхуш мухIажираш бу. Республикан куьйгалхочо мелла а лерина хила, лераме хила цу нахаца, аьлла. Вай пачхьалкхана хийра нах бац уьш. Церан хало вайна а гина ю. Кадыров Рамзана тхоьга къаьсттина тидам бе аьлла".
Миграцин урхаллан декъо дийцарехь, Нохчийчохь ву 200 ца кхоччуш Украинера веъна мухIажир. Царна белхан меттигаш хилийта декхаредо мехкан Iедал Кадыровс. Оцу кепехь махка а еъна, болх нисбеллаччех ю Нажи-Юьртан къотарчу Беной-юьрта йоьссина хьехархо Рева Елена. Иза йолаелла меттигерчу берашна ингалсан мотт хьеха.
Рева: «Интернетехула гира суна Веданарчу школехь яьккхина видео. Цо кхетийра со кхузахь хьехархой тоьаш боцийла. Эццахь хилира сан кхуза ян ойла. Сан накъосташа гIо а дина, Беной-юьрта кхечира со. Цхьа бутт бу со кхузахь йолу, хIумма а дохко а ца яьлла. Соьца вуно дика бу массо. Сан Украинехь бисина белхан накъостий схьакхайкха кхуза, олу соьга кхара. Ингалсан меттан хьехархочун корматалла цхьанхьа а яц хIинца оьшуш. Юьртахь а, я гIалахь а. Кхечу къоман меттанаш хууш волу стаг туристийн агенталле, я кхечанхьа болх бан воьду».
Донбассера махка баьхкинчу мухIажирех ю Ангеловская Софья а. Иза лор-косметолог ю. Цо дийцарехь, Нохчийчохь вуно чIогIа ца тоьа лоьраш а, косметологаш а.
Ангеловская: «Схьагуш долу сурт иштта ду: дукхахболу говзанчаш шайн хеннахь дIабахана, тIекхуьуш долу чкъор деша аьтто ца хуьлуш дисина. Ас тидам бина, белхалойн дефицит ю кхузахь. Оьшурш лоьраш хилла а ца Iа. Иштта дукха кхечу корматаллашца а бу и бала. Сан дуккха а накъостий бу Украинехь лоьран говзалла йолуш. Ас цаьрга а аьлла, шортта белхан меттигаш а ю, говзанчаш а оьшуш кхузахь».
Ткъа муха нийсало, шайн махкахь бан белхаш а боцуш, шайн корматаллах пайда ца эцалуш бIе эзаршкахь нохчий а болуш, Украинера оьрсий махка бахкор? Цунах ца кхета шайн махках а бевла, дуьне ма-дду дIасабахана беха нохчий. Норвегехь веха кхузткъалара ваьлла волу Мохьмад-ТIахIир.
Мохьмад-ТIахIир: « Вайн нахана ло ахча. Шайна алапа луш хиллехьара, парггIат болх а байтахьара, цхьанхьа а гIур бацара нохчий. Шен стагана дала деза ахча. Алапа мел хир ду техьа, бохуш, ойла я ца еза стаго. Болх баре хьаьжжина, ахча а дала деза».
Нохчийчохь белхан меттигашца долу хьал дика девзаш ду. Цигарчу телевизионаша дуьйцу, мохк тобина, хазбина, белхаш а бу нехан, луш алапаш а ду бохуш. Цунах а теший, Оьрсийчохь я Европехь шайна нисбелла хилла аьттонаш а буьтий, хийланиг цIехьавоьрзу даймахка. Царех цхьаберш, шаьш Iехабеллийла а кхетий, шаьш схьабаьхкинчу махка юхабоьлхуш а нисло.