Украинин Iедалша юьтур яц шайн махка Оьрсийчоьнан гуманитаран гIо эцна йогIу ковр. Цунах лаьцна дIахьедар дина Украинин къоман кхъерамазаллин а, тIеман а кхеташонан спикеро Лысенко Андрейс. Цо дийцарехь, Оьрсийчура гIо эцна йогIу машенашна доза хадо бакъо лур ю Киево Дуьненаюкъарчу ЦIен ЖIаран комитето сертификат деллачул тIаьхьа.
Украинин президентан администрацин куьйгалхочуьнан когаметто Чалый Валерийс дийцарехь, Оьрсийчура йоуьйтуш йолу хIуманаш цигарчу машенашна тIера тIеюттур ю ЦIечу ЖIран машенашна. Чалыйс билгалдаккхарехь, Украино чубуьтур бац и ковра ларъяш богIу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхин министраллан векалш. Хьалхо Украинин президент хилла волчу Кучма Леонида дIахьедар динера, Оьрсийчура гуманитаран ковро доза хадор ду Харков кIоштарчу таможнин постехь аьлла.