ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украининехь тIемаш беш бу Оьрсийчоьнан эскархой


Ша пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначу Донецкан халкъан республикан премьер-министр ву ша бохучу Захарченко Александра дIахьедар дина, сепаратисташна тIехIиттина тIом беш Оьрсийчура шайн лаамехь баьхкина нах бу аьлла. Царна юкъахь дуккха а оьрсийн армехь гIуллакх деш болу эскархой а, эскаран гIуллакх дина болу нах а бу бохуш дуьйцу цо.

Цунах лаьцна Захарченкос хаам бина «Россия 24» телеканалана интервью луш. Цо дийцарехь, Оьрсийчура баьхкинчу нехан терахь ду 3-4 эзар стаг. И дIахьедар гучудаьлла, Оьрсийчоьнан эскархоша гIо а деш, сепаратисташа Новоазовск гIала дIалаьцна аьлла хаам баьржинчул тIаьхьа.

Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчо Шпиряк Зорян дIахьедар дина, Оьрсийчоьно буьззинчу барамехь эскаршца тIелатар дина Украинина аьлла. ХIинццалц Москох харц дора Украинехь шен эскарш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG